Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

хетара. Шен къежвалар хьулдора цо. Корта цIенна дIабошура, ткъа маж-мекхана сих-сиха цIен гIина дуьллура.

      Товсолта-Хьаьжина тIаьххье, дикачу дойшна тӀехь вахана, цунна улло дIахӀоьттира цуьнан кӀант Хьуьси а, ХортIин Асхьаб а, Бораханан СаьIад а, Сатун Солтха а. Дика кечвелла вара хьалхара кхоъ. Детица кхелина говрийн гIирсаш, тIедуьйхина цхьатера чоэш а, гӀовталш а, коьрта техкина Iаьржачу холхазан куйнаш a. Малхехь лепара коча тийсина а, йукъахдихкина а безачу механ герзаш. Вуьшта, Солтханан барзакъ ледаро дара, цаьрца дуьстича.

      Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакIамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.

      – Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – XIара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхькӀомаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла Iийр вацара. Оха уьш бIе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. XIара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгIа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу хӀорш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагIашцарчу тIамехь. Ткъа шу, кӀентий, – тIехьа лаьттачу веанна тIевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтIахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цIерга лелха алахь – бӀаьрнегIар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла йалийтий, цIа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна тӀе цIа дерзадойла шу!..

      Аваловс цхьа масех дош аьлча, чардакх тӀера чувоьссинчу Момин Хьотас, тIе а вахана, хьалха Товсолта-Хьаьжин, тIаккха веа лаамхочун куьйгаш а лоцуш, баркалла элира царний, церан дайшний.

      Цхьа масех минот йаьлча хьеший, ХортIина тIаьхьа а хӀиттина, йуьрта бахара.

      Кхузахь тахана гинарш дийцаре а деш, дӀасабахара нах а.

      II корта. БЕРСА

      XIан-хIа, гӀоли йу

      Дорцах ницкъ бустар,

      Садаллалц, бакъ къуьйсуш,

      къийсамехь летар,

      Тийначу бердашка а хиъна

      ЧIeIачул, чевнашка а хьоьжуш.

      А. Мицкевич

      1

      Шайн совгIатех баккхийбе Мохьмаддий, Iумаррий, Iyсманний сихха Iала-Мохьмадца йуьрта дIа а хьовсийна, адам кӀезиг лела некъ къастийна, Iаьлбагца регIа хьалаволавелира Къайсаррий, Болаттий.

      Толамца ша йаьккхина кӀайчу маьIан мукъ болу шаьлта а, детица кхелина тапча а Мохьмадна йелира Болата. Доза дацара кӀентан воккхаверан. Детица кхолуш кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIexула тIе, тайниг санна, хаза тапча а. Ма ирсе вара-кх иза, биллина дог огуш цхьа бала бацахьара! ДIайаханчу гурахь лаьцна Сибрех вахийтинера цуьнан ден ваша а, цунна дика хилла Маккхал а. Дерригенах а ца кхетара жима Мохьмад, амма ден вешин а, ден доттагIчун а ойланаш гушдоцчу пхенаш