Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

говр! Говрашкахь хьуьнарш къовсуш, тоьлларш – Гати-Юьртара Ойбан Къайсар, ДанчIин Болат, ЦІоьнтарара Гарин Ахьмад. И цIераш йаьхначара шайн совгIаташ дIаэца.

      Тоьлларш декъалбеш дeттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший йуха а къардира хIаваъ.

      5

      Хьаьсарта дахана адам дIатийча, ХортIас куьг хьалалецира.

      – ЛадогIал, нах! Эла Авалус къамел дийр ду хIинца!

      Цхьана ханна кхуза гулбеллачийн сибате вирзинчу гуьржичух оцу минoтeхь йуха а округан начальник, эпсар, эла Авалов хилира. КІайн тIе а, Iаьржа лаба а йолу кокардица фуражка коьрта а тиллина, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. ТIепаза йайра Іаьржачу бIaьргаш чохь йогу самукъне цIе а. Дукъа тIехь голатуху мара а аьрзунан зIакарх тарбелира.

      Цхьана жIаро а, мидало а кечбина шуьйра накха меллаша дIаса а хьийзош, оьрсийн маттахь дехха къамел дира цо.

      – Нохчий! Йоккха пачхьалкх йу Росси. Дукха къаьмнаш ду цунна чохь дехаш. Мацах цкъа арахьарчу мocтaгIaший, вовшашлахь хуьлучу тIемаший талораш деш, цIий Іeнoш, маьрша дахар xIун йу ца хиъна Кавказан къаьмнаш тахана Цуьнан Императоран Воккхаллин, оьрсийн паччахьан нуьцкъалчу тIома кIел ирсе, бертахь, цхьа вежарий хилла деха. Цунна тоьшалла ду, арахьара мостагI Россина чугIоьртича, массо къоман кIентий паччахь а, Росси а ларйан дахIуьттуш хилар. Россин, вайн даймехкан, мостагIий бу цергаш ирйеш. Тохаро бен сацош вац мocтaгI. Ницкъо бен йухатохац ницкъ. Цундела Кавказан массо къомо оьрсийн толамечу эскаршна гIоьнна шайн полкаш вовшахтоьхна. Гуьржаша, эрмaлoша, гIажароша, хIираша, гIебартоша, чергазоша, дегIастанхоша, гIалгIаша, кхин массара а. Цара дуьххьара гойтуш йац шайн муьтIахьалла. Ала лаьа, тIаьххьара туркошций, англичанашций, французашций Россин хиллачу тIамeхь дуккха а нохчаша дакъалацар а. Цара турпала хьуьнарш гайтира, вайн даймехкан мостагIех леташ. Цуьнан Воккхалло Императоро эрна ца дитира нохчаша оцу тIамехь хьегна къа а, Iенийна цIий а. Оцу тIаме бахана нохчий орденех накхош, ахчанах кисанаш дуьзна баьхкира цIа. Уьш хIинца а бу Iедало сий деш. Ткъа и шун аьрха амалш бахьана долуш, йеххачу хенахь мерабeран хьолехь латтийначу нохчашна цуьнан императоран воккхалло кхушара йуха а тешам белла шен эскаре хIитта. Амма нахана хаац паччахьо шайна диканиг оьхьийла. Шайга кховдийна къинхетаме куьг дIалаца лаац. ВархIий-вархIий дайшкахь дуьйна майра тIемалой, къонахий бу бохуш, дуьненахь а цIейаханчу нохчашлахь тахана эскаре вала лууш эзар стаг а каравац. Къонахалла йайна шун? Майралла йоьжна? Герз лело хаац? Мичара! Тхан говраш йац, тхо къен ду бохуш, бахьанаш хIиттадо. Aьшпаш! Маса бIe дин бу кхузахь! Маса бIe майра кIант ву кхузахь! ДуьххьалдIа шайн йухахьаралла, ца лаьа-кх! ХІyьттаре лело дуй биъча санна. Шун къоман сий лардан лууш, шуна йукъахь цхьакIеззиг къонахий лaрбинчу Далла бу хастам. Уьш Даллий, паччахьний муьтIахь нах бу. Цара шайн кӀентий цуьнан воккхаллин кара дӀало…

      Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тIехула курра бIаьрг кхарстийра Аваловс.

      – Пурба луо суна оьрсийн толамечу эскарийн могIаршка баха кечбелла шун йуьртан