Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

гIуркх!

      – КIайн леча!

      Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгIуш, Іaьлбагна тIера бIаьргаш дIа ца бохуш лаьттара доттагIий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу Iалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цIера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тIаьхьарчу когаш тIе a xIуттуш, цIеххьана сeцира. Iаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, Iала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кIажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тIерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугIур йара иза. Амма Iаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дIаваккхалц. Ша йолччохь тIаьхьарчу когаш тIехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза болaрeхь шен доттагIашна тIеволaвeлча, хIорд санна, техкира майданара адам.

      БолатгIарна уллохь лаьттачу нехан къовсaмaш бевлира.

      – Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!

      – Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.

      – Хьо хаал цунна тIе?

      – Хиъча, дера, ву хьалха тIенисвеллачу ор чу вужур!

      – Йа, цIeргахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!

      – Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегIаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тIехь кхозучу хIайкална йуккъexь.

      – Хабарш! ДуьххьалдIа майрачу беречо, ша санна, майра дин a Iaмийна.

      – Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!

      Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, Iаьлбаг дeкъалвеш, куьг лестош.

      – Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсaршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дIалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.

      Чомакха корта хьовзийра:

      – Бухкур бац.

      – Кхо мах белча а?

      – ХIара Яьссин тогIе йуьззина деши делча а.

      – Ой, иштта хьалдолуш ву иза?

      – Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.

      – ХIета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.

      Къовсaршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх a дaьккхина, шайна тIевеанчу доттагІчунна говраш тIехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а. Къона ІумаргIар бIаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара Iала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, Iилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дIа улло ваьккхина лелориг. ХIинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кIант вара уьш: Iала-Мохьмад, Іaьлбаг, Iеламха, Iарапха, СултIи, Зеламха. ТІaьххьарниг хIинца а пхийттара а ца ваьллера. СултIина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кIантаца Макка Хьаьж-ЦIа а вахана, йаханчу гурахь цIа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре Iaьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дIасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.

      ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. ДегIо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура