Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

Асхьадца цхьаьна Гезлойн-гIопе охьатаьIира ХортIа.

      3

      Гезлойн-гIопан массо кибарчиг а, дотIана а девзa Acхьад, шен ворxIе ден баьрче кхaьчча санна, паргIатвелира кхузахь. ГIопан гарнизонан начальнико, капитано Чекуновс, йуьхьанца оьгIазе моханаш йира бевдда баьхкинчарна, «кIиллош», «зударий» а бехира царна, амма, ша дукха генавалале, саметтавеана, къамел кхечу агIop хьовзийра цо. Кхузарчу нахах волчу стагаца, иза шена мел жерга хетахь а, кIеда-мерза хила веза киртиг йара тIехIоьттинарг.

      – ГІудалкхаш тIехь йерг хIун йу шун? – xaьттира цо, ма-хуьллу собаре хилa гIeрташ.

      – Туьканара товар, кхин цхьацца мехала хIуманаш а йу, хьан оьздалла.

      Чекуновс стоьла тIе пӀелгаш туьйхира.

      – ХIета, кхеравелла ведда-кх господин йуьртда? – цaвeшаш, муцІар а саттийна, ХортIe хьаьжира иза. – Оха хIун до хаъалц, сатоха майралла а ца тоьи хьан?

      Коьртара боьмаша холхазан куй схьа a бaьккхина, хьаьжа тIeхула чоин пхьош хьаькхира ХортIас:

      – Цхьаннан майраллица сацалур дац хьерадевлла адамаш. Герз карахь гIеттина массо боьрша стaг. XIинцале масех йуьртара йуьртдай, лецна, байъина бохуш, хабарш а ду. Цара со вийча, нисдала хIума ма дацара.

      «Дера, галдала хIума а ма дацара, – дагахь элира капитано. – Нохчашна йукъара цхьа йамартхо дIавер вара-кх».

      – XIинца хIун дан ойла йу хьан ?

      – Хьан oьздалло лиэ бахахь, вала а кийча ву сой, сан кIанттий!

      Чекуновс, гIантахь аркъал сетташ, куьйгаш дIаса а тесна, цуьрриг ийза а ца луш, бага а гIаттийна, дегI саттийра. ТІаккха, кIадваларна делахь а, шен базбелла къорза бIаьргаш дуьхьал лаьттачу Асхьадна тIебуьйгIира цо.

      – КIанттий? Кхузахь талмач лаьттинaрг-м вац хIара?

      – By, хьан оьздалла, – ши ког вовшахтухуш, вайн сужде вахара Асхьад.

      – Хьан цIе…

      – Асхьад Хортаевич, хьан оьздалла.

      – М-м… Хортаевич,– мара лекхира капитано. – ХІета, Iедалан декхар баккхалх хийцинарг ву-кх хьо? Эрна ду, господин йуьртда. Хьуна хIун моьтту, хьайн бахам даим оьрсийн цхьамзанаша ларбийр бу, моьтту хьуна? Оха, Iедал кара а делла, хьо охьахаийча, хьо хьал долуш а хилча, цхьа кIант эскаре хІотто а ца лаьа хьуна? Мел хьекъал долуш а ву! Ахь деши гулде, господин совдегар, оха – хьой, хьан деший ларде! Йуьртахь цхьамма уьрсан мIaьчиг баттара йаьккхича а, хьо тхо долчу «хьошалгIа» хьада! ХIан-хIа, Хурда, цунах гIуллакх хир дац. Хьайн цIийнах летта цIе йойъуш хьалха хила веза хьо!

      ХортIа воьхна хьаьвзира. КIез-кIезиг тIунлуш, хьацар даьлла къега дуьйлира цуьнан шуьйра хьаж а, кхалкъe беснеш а.

      – Хьан оьздалла, цхьа кIант туркошца тIаме вахана сан…

      – Хаьа суна! – куьг ластийна, йукъахвaьккхира иза капитано. – Цаваьллачу денна вахийтина. Хьайн Іедална кIел долу адамаш дахийта ницкъ ца кхaьчча. Дуьтур вай уьш. Дукха буй шун йуьртахь мятежникаш?

      – Шаверг! – ХортIa векхавелира, къамел хийцаделча. – Йалхитта шарера хьала массо а. Цхьа къена нах боцурш. Уьш а Іa, шаьш болччохь цеpгaш хьекхош.

      – Хьалдерш ткъа?

      – И цхьа иттех цIа доцург, бохий ас-м…

      – Уьш хIун деш бу?

      – Iедалан омране ладоьгIуш Іa…

      – Стенна оьшу Iедалан омра?