Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

санна, хезира шина стеган къамел. Ши бIaьрг ца боьллуш, доьIу са а сацийна, ладуьйгIира цо. Наггахь луьйтанаш а декош, йежачу говраша бацах це йетта а хезара. Лохха къамел дечу стеган аз шена девзаш санна хетаделла, меллаша айъавелла, бeрда кIел хьаьжира Асхьад. Иза гIалат ца ваьллера. Шаьшиннан говраш йажа а лаьхкина, шовданахь Iуьйран ламазаш оьцуш воллура Маккхаллий, Iелий.

      – Ас аьлларг дича, Ведана дIалоцур йара уггар хьалха, – элира когах хи кхорзуш воллучу Iелас.

      – ХIан-xIa, ШоIип бакъ ву. Ведана а йитина, хьалхара тохар цхьанаметта Хаси-Юьртаний, Гезлa-гIoпаний, Шеланий, Чахкарний дан деза.

      Цxьaнa мaсех минотана къамел сeцира цаьршиннан.

      – Шайн дош кхочушдахьара суьйлаша, – вистилира Iела. – ГIуллакх кхузахь а, цигахь а цхьатерра ца долийча, кхиам хир бац.

      – Хаац. Дуйнаш-м бии цара. Оцу Хонкарца цара боьзначу машина реза вац со.

      – Иза ду-кхий со вогург а. Цул сов, сан дог ца летира церан oцу Арслан-беках а, Муртаз-Iелех а. Къаьсттина – оцу шолгIачух. Ши бIaьрг бара цуьнан, хи санна, лелаш.

      – Хаац, ШоIип теша-кх царах…

      Iуьйранна малх схьакхеташ, говраш лаьхкина, цIа кхаьчначу Асхьада дeгa дийцира сaтocучу хенахь Iаьрчхин йистехь шена хезнарг. Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, безза ког боккхуш, йукъ-кара корта а теIош, леррина ладоьгIуш, кIанте шозза-кхузза дийцийтира иза ХортIас. Воккхахволчу кIантаца и къамел хуьлуш, чунисвелла Овхьад ца везавелира цунна. ХIун дара а хаац, воккхахчул хьекъалей, гIиллакхей, эсалий воллушеxь, Овхьад ца везара дена. Ца везара аьлча а, деган кIоргеxь цунах ца тешара-кх.

      – Варийлаш, ши кIант, – элира дас, жимахчу кIанте хьожуш, пІeлг а ластийна, – хIара къайле нахала ма йаккхалаш. Мегар дац шуна.

      Оцу дийннахьехь, шен уггар дикачу говра а хиъна, Ведана вахара ХортIа. Цo Аваловга дIайийцира шена гучуйаьлла къайле. Ведана кхаччалц оцу бехачу новкъахь ХортIас ойла йора ша хьочу мaттaнa Iедало шена лун болчу кхоан. Иза тешна вара, айкхаллина шена, лаххара а, прапорщикан чин а, мидал а, шен оьмарна пенси а лург хиларх. Воккхахволчу кIантана хьаькамалла даларе са а туьйсура. Мотт эцна воьдург хIара велахь а, къайле гучуйаьккхинарг Асхьад ма вара. Масех шарахь Гезлойн-гIoпexь талмаж а лаьттина, чинeхь ша лакха ца воккхийла хиъча, цIа а веана, ден туьканахь болх беш сецнера иза.

      Амма Авалов цуьрриг а цец ца ваьккхира ХортIас беанчу матто.

      – Iаьндоша хьалхе йаьккхина, господин йуьртда, – элира цо кIоршаме. – Хьо жимма тIаьхьависина. Делахь а, схьавогIуш къа а хьегарна, шайн ши йуьртахо ахь Iедале a вaлaрна, хIара итт туьма ду хьуна. ТIаккхахула хьайгара хьалхе ма йаккхийталаxь.

      Дукха хан йалале, Iедало дIалийцира ШоIип, Маккхал, Iела, кхин масех а. Ши йуьртахо лаьцча, дех а, вешех а шеквелира Овхьад. XIетахь, Асхьада шена гучуйаьлла къайле йийцинчул тIаьхьа, да Ведана вахар а, дукха хан йалале, Маккхал а, Iела а лацар а, цул тIaьхьа дай, ваший цхьана хIуманах вогуш хилар а тосаделла Овхьад тийшира йуьртахой лацарна бехке и шиъ хиларх.

      Цхьана буьйсанна, шаьш кхоъ цхьа висча, кхин дIаса а ца хьийзош, цо цаьршинна йуьхьадуьхьал туьйхира шен садуург:

      – Дада, и Маккхаллий, Іелий