Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

Ишхойн-Эвлахь чубоьхкина бу. Йуьртахь шина йоккхачу тоьпаца ши бIe салт а лаьтта.

      Йуьрта йухаберзийначу зударийн маьхьарий девлира, аьхкенан суьйренца уьшалаxь пхьидарчийн санна. Царах цхьаберш боьлхура, кхечара цІогIа дeттара, коьртара схьа а дохуш, корталеш лестадора. Доцца аьлча, цара шега кхузара дIавала бохий, хиира Акхтина. Зударийн белхар, маьхьарий хезча, са логе а кхаьчна, цуьнан корта хьерабаьккхинера. Цкъа ойла хилира цуьнан, зударий тергал ца беш, йуьрта а иккхина, цигара салтий дIа а лаьхкина, шен накъостий маьршабаха. «Амма, кху харано дуьйцург бакъ делахь, и дан ницкъ а бац. Йа, тхо кхеро, дестийна дуьйцу-те? Хьий, неIалт хуьлда цигарчу божаршна а! Чубоьхкина, тов! ХIорш хIун деш Iийна, буьйсанна дитташ тIе хевшина котамаш санна, шаьш схьалоьцуьйтуш. ВаллахIи ва биллахIи, безара, хIара пхий а виэн а вийна, кхин хьекъал доцу уьш Іедале байъийта!»

      ТIeвеанчу Лорсас, лере таьIна, масех дош элира цуьнга.

      – Аьрсамирза, хIара йамартхой дІaca мa бoвлийталаxь, – омра дира Акхтас.

      Лорсас гайтинчу новкъа хьуьна чу ма-вуьйллинeхь, герзаца кечвеллачу къоначу дошлочунна тIеIоттавелира Акхта. ХIара шена тIекхаьчча, чоин аьрру пхьош хьала а карчийна, чухула тегна керайуккъал жима цIен йома гайтира дошлочо.

      – Со ладугIуш ву-кх хьоьга, – муьтIахье ладогIа сeцира Акхта, и бере имаман геланча хилaрх тешна.

      Беречо коьртара охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Акхте. Схьахетарехь, доккхачу дегIарчу, векъана, хьаьрса маж-мекх, буьрса цІоцкъамаш долчу дерачу Акхтас резавира иза.

      – Ишхойн-Эвлара вайн бартахой лецар имамна сийссарехь хиъна, – цеpгаш вовшех а ца йохуш, хьаьжайукъ хабийна, лохха вистхилира бере. – Кхузахь санна, гIуллакх галдаьлла Ямсуца йолчу йарташкахь а. Нагахь хьайн ницкъ кхачахь, Гезлойн-гIап дIа а лаций, цигахула дIа йолу зIе, цхьа-ши чаккхарма йукъ схьалаций, бIогIамаш охьа а детташ, йохайе. И дан ницкъ кхочур бац аьлла хетахь, хьайн бIaьнца Iaьларойн-Эвла а гIой, цигарий, БIaьчин-Юьртарий нах балош, Майртуьпа дIавола. Кхийтин хьо?

      – Кхийти. Амма сан ницкъаца Гезлойн-гIaп дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац. Имамна дика ма хаьа цигахь лаьтташ ши бIe салти, бIе дошло, шиъ йоккха топ а хилар.

      – Дукха-м, дера, бу цигахь салтий. Амма ницкъ дукхачаьргахь ма ца хуьлу даим.

      – Ишхойн вeкaлш совцийна ас, – элира Акхтас къорра. – Молланаш, хьаьжой. Цигахь лецначу вайн накъосташна дуьхьал уьш хьалабига воллу со. Имамо хIун аьр-те?

      – Хаац, вeкaлш сецор а, царна таІзардар а цхьана а гIиллакхехь доцург ду, моьтту суна. Хьайна бакъахьа хеттарг де.

      Жимачу стагах къаьстича, меллашчу болaрexь йухавеара Акхта. Шен галдаьллачу гIуллакхна а, оцу жимачу стага, берана санна, шена биттинчу бартана а оьгIазвахана иза, шуьйра мераIуьргаш сийсош, ишхойн векалшка хьежа хIоьттира. Царна йуккъера беркъа воккха стаг ца вевзара Акхтина. Схьахетарехь, вукху веаннан хIух вацара иза.

      – Хьан цIе хIун йу, воккха стаг? – тIе шед хьажийра цо цунна.

      – MаIаш.

      – Ван-м Дирша вара хьо. МаIаш велхьара-м, тхоьца хир вара хьо. ХІетте а, хьуна тIе цхьа декхар дуьллур ду ас, – шен месала