Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

вайн йуьртан сий хьан кара ло оха. Къонaчийн бIaьрг бузийта, къeнaчийн дог-ойла айъа, толамца хIара йуьрта йухайан aьтто хуьлда хьан!

      Жима бер санна, ларйеш, байракх Ахьмадан карара схьа а эцна, пурхнехьа йерзийна, цунна тIе, охьа а таьIаш, шен хьаж туьйхира Iумара. БIaьнна хьалха лаьттачу Лорсас дуькъачу озаца илли долийра.

      Лорсина тIаьхьара нуьцкъалчу аьзнашца мукъам болийра ах бIe стага а:

      Буьйса йоцуш, бода богIу,

      Марха йодуш, кхолар йогIy,

      Бехке доцуш, тIом тIебогIу,

      АллахI Дела, тхан гIо делахь!..

      Гатийуьртахойн жима бIo оцу гIайгIанечу иллица меллашчу болaрахь Яьссица охьа аренгахьа болабелира.

      * * *

      Нохчмахка гIеттича, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна хьийзаш ши де а делира ХортIина хьер йилла баьхкинчу оьрсийн пхьерийн.

      ТIaьххьарчу буса Васалх а, Къайсарх а дагабевлира уьш.

      – ДIадаха деза кхузара, – элира Къайсара. – ТIом – тІом ма бу. Масанe дагахь доцург хуьлу. Наха шух пӀелг хьакхор бу бохург а дац иза. Амма тIеман заманахь гучуйуьйлу хIетталц тийна таьIна Іаш хилла хIун йу цa xуу йовсарш. Хьанна хаьа, тхо цIера девлча, ишттачех цхьамма йуьхьIаьржо йахь а. ТІаккха, йуьртана-м хьовха, хьалкъана а тIехь бехк буьсур бу. ТIe, xІокху йуккъехула шун балхах болх а хир бац. ХортIа боху и лежиг дедда дахана. Оцу шен хьакхин херсица цхьаьна.

      Кхааннах воккхахволу Яков воьхна хьийзара.

      – Шуна тIе бохам беача, довдуш а гIиллакхе ма дац…

      – Хаьа. Баркалла шуна. Тхо кxета дерригенах а. Шун цIахь доьзалш бу. ДІагIо шу.

      Оцу шина дийнахь дуккха а ойланаш йира Михаила. Йух-йуха а карладуьйлура шайн доьзалан дахар. Муьлххачу а оьрсийн къечу ахархочун санна, стаг хьаьгар воцуш дара иза. Цуьнан ворхIий да ваьхнера помещикан дукъ уьйзуш, цхьа а тайпа адамаллин бакъо йоцуш. Царна йеттара, хьайбанаш санна, адамаш духкура, зударий сийсазбора. Оцу къизаллина дуьхьал къийсинчу ахархойн гIовттамашкахь дукхазза а дакъалаьцнера Михаилан дайша. Цаpaлaхь байъинарш а, каторгашкахь тIепаза байнарш а бара. ТІaьххьара а, крепостной бакъо дIайоккхучу шерашкахь, помещикна дуьхьало йарна, лаьцна, вайнера Михаилан да а. Ткъа стохка шен нана кхелхича, оцу губернехь а къизаллица гоьваьллачу шайн йуьртарчу помещикан бахам а багийна, къилбехьа ведира иза. Цуьнан латта а, цIа а дац, йа доьзал а бац. Оьрза-ГIалахь а хьалдолчу гIалгIазкхашна веца иза. Валлалц ваца деза. ТIаккха, къена жIaьла санна, цхьанхьа некъа йиcтeхь, керта кIел лийр ву…

      Нохчмехкан масех йурт гIеттина аьлла хезча, царах дIакхета ойла хьаьвзира Михаилан. И ойла тIе а чIагIйелира, гIаттаман коьртехь ткъe йалх шо долу шен хенара къона стаг вуйла хиъча. Шена дагадеанарг шина накъосте къадийра цо цкъа, Ивана хIумма а ца элира, ткъа Яковс и йуха а ца туьйхира:

      – ХIейт, дависа, цIа дуьззина бераш мa дeлaрa сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегIаца хилча-м, мила Iара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайнaчух бекхам эца гIоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тIexь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла