Название | Лаьмнашкахь ткъес |
---|---|
Автор произведения | Абузар Абдулхакимович Айдамиров |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 2023 |
isbn |
Майданахь гIовгIанаш йевлира:
– Цхьа кхай, цхьа йеттий хилча а, тхо Iийр дара.
– Оха санна, налогаш текха воьлча, кхин зурма лоькхур йара ахь а!
– Тхо санна, цкъа Теркайисте мехах латта лело гIол!
Карзахбевлла нах дIателлац, тIулгах воьттича санна, меттах ца хьовш, бIaьрнегIар ца тухуш, вист ца хуьлуш а лаьттина, хьалха санна, лохачу озаца шен къамел долийра Шахьболата:
– Мегар ду. Со виэн а, сан цIенош дaгo a пурба ду шуна. Амма вайн йуьртана тIевоьссинчу хьешан аш цIий даккхахь, и эхь, суна тIехь дисина ца Iаш, шуна а, шун тIаьхьенна а тIехь дуьсур ду. Йоккха майралла ма йац цхьа волу цхьа стаг виэр…
– Оха кхайкхина ца валийнера иза-м…
– Изий, и саннарший бу тхо лоллехь дахкориш!
– XIетте а, цхьана агIор бакъ ву Шахьболат. Кхечу къомах хьаша ма ву иза.
– Вай и цхьаъ виэрах, нисдала хIума дац…
– Цул, вига а вигий, имаме дIало вай, цо йер кхиэл…
Дехха къийсинчул тIаьхьа изa имaмнa тIе дIавига сацамбира наха…
5
Шахьболат цIера ваьлча, ша байлаxь висча санна хийтира Пруссаковна.
Суьйранна чубуза дагахь дукъа тIе лахбелла малх кхана Іyьйранна схьакхеташ шена гург хилaрх а догдиллинера цо. Дагадeара Веданан гIопеxь дисина шен къона зудий, ши беррий. ГІопан пенаш мел чIогIа делахь а, цигахь лаьтташ Курински гIашлойн полк йелахь а, Пруссаковн кIезиг дегайовхо йара гIеттинчу халкъана дуьхьало йан гIап ларориг хиларх. Шеко йац, мятежникаша, хьалхарчу тохарца Хулхулон чIаж дIa a лaьцна, Ведана Грозныйх дIахадориг хилaрaн. ТIeдoгIучу орцанах хаьдча, иза йеха латталур йац. ТІаккха хIун хир ду-те цуьнан доьзалх?.. Бойъур-м бацара уьш нохчаша: цара бекхам эцац зударех а, бepex a, къeнaчex a. Амма атта хир дац-кх оцу акхаройн йийcapexь. Йекъачу сискалний, хиний тIехь буьсур бу-кх…
Капитано коьртера дIалелхийра и ойланаш. Оцу масех минотехь шен кIадделлачу дагна шех эхь хийтира цунна. Амма уьш, дукха ца Iаш, хьаьвззина йухайаьхкира. ХIан, вейтахьа иза кхy Hoжин-Юьртахь. ДІалацийтахьа мятежникашка и Ведана а. Цуьнан доьзал а баxийтахьа нохчийн йарташкахь. Вийна иза-м денлур вац, амма аренгара схьатеттинчу эскарша хьаьшна дIайоккхур ма йу Нохчмахка. Цуьнан зудий, берашший йийсарера маьршадохур ду. Маьршабаьхча а, хIун дийр ду цара цул тIаьхьа? Деккъачу пенси тIехь буьсур бу-кх…
Шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира йайн тоьхначу неIаро. Пруссаковн куьг ша-шаха стоьла тIехь Іyьллучу тапчанна тIедаxара. Меллaшa нeI йиллина, чоьхьайелира хIусамнана Бесехьат.
Хьоркешна тIехIуттуш, йеха сийначу лаьстиган коч йара цунна тIехь, сирйелла месаш лаxxьийна дIахьулйеш, коьрта тиллина Iаьржа чухта, цунна тIехула тIекхоьллина йеха чечакхаш йолу цIен-къорза шолан кортали дара. Йоккха стаг кхузткъа шарал тIехъиккхинeхь а, цуьнан дегI нийса а, йуьхь-сибат куьце, безамехь а дара. ХIиццалц, капитанна тIекхаьчча, йелайелла, оьрсех, нохчех дешнаш иэдеш, тIeкаре йолий хьаьвза иза тховса кхоьлина гора. Дог ца догIуш йела а къежна, капитане «дарасти»