Ламазан догIа. Хьусайн Шовхалов

Читать онлайн.
Название Ламазан догIа
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 0
isbn 9785006094789

Скачать книгу

бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца59 а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.

Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор60 хьарам ду.

6-М1АРАШ ХЕДАЯР

Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.

М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.

Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.

7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР

– Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.

– Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.

– Мара чуьра ц1анбар суннат ду.

– Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.

8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР

Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР

Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.

10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР

Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг61 чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг62 чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.

Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

10-ХИЦА Ц1АНО ЯР

Хьат1 г1уллакх63 а, доккха г1уллакх64 а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.

11-СУННАТ ВАР65

К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат

59

– Можанаги, ц1енаги боцуш.

60

– Татуировка.

61

– Дезох дерг.

62

– Дезох дерг.

63

– Моча.

64

– Кал.

65

– Хада вар.