Ламазан догIа. Хьусайн Шовхалов

Читать онлайн.
Название Ламазан догIа
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 0
isbn 9785006094789



Скачать книгу

доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.

      Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.

      2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.

      – Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:

      1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.

      2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.

      Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча13 нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.

      – Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.

      Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду14, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.

      Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.

      – Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

      Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.

      – Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

      Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.

      КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш

      Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.

      ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:

      1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ

      Адами хьат1 а, боьхал а нажас



<p>13</p>

– Ц1ена хи доцург.

<p>14</p>

– Тема дарх лаьцна дакъа т1аьхаь схьадог1ура ду. Цигахь дойзура ду хьуна тема х1ун ду, иза муха до, кхин а дуккха х1ума цунах лаьцна.