Ламазан догIа. Хьусайн Шовхалов

Читать онлайн.
Название Ламазан догIа
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 0
isbn 9785006094789



Скачать книгу

оьздангаллех вуьззина а, лулахошца а, гергарчаьрца а к1еда-мерза а, харц дош ца олуш а, тешаме а хилла.

      «Амийн» аьлла ц1е яхана а хилла цуьнан нахалахь, т1къа иза «тешаме» бохург ду, 1аьрбийн маттара вайн матте даьккхича. Цуьнан 40 шо кхаьчча, дуьххьара Аллаха1ан хаам беана цуьнга. Т1аккха 23 шарахь Аллах1а Джабраил-малик шега доссийна Къуръан д1аязъдайтина.

      53 шо кхаьчча, 622-чу шарахь, июнь бетта 28-чу дийнахь, вайн терахьца раби1ул-аввал бетта 1-г1а де, иза еарин де а хилла, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккара хижрат дина. Цо хижрат динчу ханна т1ера ду бусулба нехан терахь.

      Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца3 63 шой 3 дей ду, малха шерашца4 61 шой 84 дей ду.

      АЛЛАХ1 ЦХЬАЪ ВАРАН ДОШ

      «Ашх1аду ал-ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду, юхьйи́ ва юмийту, ва х1ува хьайюн ла́ яму́ту, биядих1ил хойру ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр»

      Маь1на: Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ бен воцуш, Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен дела ца хиларна оьшалла до ас. Х1ума дуьйш-дендеш, беригге хастам а, паччахьалла а Цуьнгахь ду. Иза ц1къа а лийра воцуш дийна а ву. Деригге дика Цуьнан карахь ду, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву Иза.

      ИЙМАН Ц1АНДО ДОШ

      «Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин-ан-ушрика бика шайъан ва ана а1ламу, ва астаг1фирука лима́ ла́ а1ламу, иннака 1алла́мул г1ую́б»

      Маь1на: Я Аллах1, Хьоьца ларло со, сайна хууш ас Хьоьца накъост варах. Сайна ца хууш долчунна а Хьоьга гечдар доьху ас. Боккъал а Хьо ву-кх Аллах1, къайленаш хууш.

      КЪИНОШНА ГЕЧДАР ДЕХАР

      Гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гучахь-къайлахь, хууш-ца хууш ас мел динчу къинна. Сайна хууш-ца хууш ас динчу къинна дохко ваьлла со. Сайгара мел яьллачу ледарлонна дохковаьлла со, кхин юха ца дан т1елаьцна, гечдар доьху ас Везачу Аллах1е. Боккъал а Хьо ву-кх, Аллах1, къайленаш хууш.

      ТЕШАРАН ДОШ

      Со теша: Аллах1ах, Цуьнан маликех, Цо диссийначу жайнех, элчанех, къематдийнах, кхелах, вон а, дика а кхел лекха волчу Аллах1ан хиларх, кхелхинчул т1аьхьа г1овторриг хиларах а.

      АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА

      Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.

      И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:

      «Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»

      Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.

      шоллаГ1А



<p>3</p>

– Лунный календарь.

<p>4</p>

– Солнечный календарь.