Название | Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь |
---|---|
Автор произведения | Мзия Ратиани |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785006072909 |
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.
Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:
– Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.
Сесана…
II
– Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со. Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза. Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.
– Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто.