Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани

Читать онлайн.
Название Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь
Автор произведения Мзия Ратиани
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 0
isbn 9785006072909



Скачать книгу

ботт а.

      Буьйса Iаьржа

      Стиглахь седа…

      Дуьне-эхарт,

      Упханан тхов а,

      Кошан барз а,

      КIайн марчо а.

      Шийла тIулг а,

      Iаьржа верта.

      Йоьду зама —

      Дог ду цхьалха.

      Ненан бIаьргаш —

      Шийла шовда.

      Деле воьхуш —

      Йиша йоьлхуш.

      Буьйса Iаьржа,

      Борз а угIу…

      Шена кIант а

      Дена оьшу.

      Буйнахь шаьлта,

      Топ а, тапча…

      Дехен лазам —

      Деган чов.

      Боьхна новкъахь

      Обарг лела —

      Цхьалха тIулг а

      Хилла шийла.

      Йилла къоман

      Лекха, чIогIа —

      Дехе сийлахь

      Лекха бIов…

      Ирс а доьхна

      КIант а лела,

      Шовдан йистехь

      КIудал йеса…

Акаев ИсмаIал

      Нохчийн обарг Довта-МартантIера Кута

      Суртан автор Дикаева Янина

      Безаман кхоллам

      I

      Ши кIира даьллера Кутас къеначу Шоптакхан говраш йухайерзийна. ХIинца обарг шен доьзалца хан йоккхуш, Довта-МартантIехь вара. Ма-дарра аьлча-м иза цIахь хуьлуш а вацара. Стиглахь маьркIажен бода баржарца нийсса, араволура иза луларчу йарташкара а, кIотарашкара а шен накъостий болчу хьошалла дан.

      ВаларгтIера аьккхи лор Элмарза волчу а кхечира Кута, шен чов цунна гойтуш. Иштта масех де даьккхира обарга СемаIашкара шен зумсой вежарий болчохь а. Дуй биъна вешица Котар-Йуьртара нашхо ГIирмахаца цхьаьна Йоккхачу АтагIара Тамаев Аюб волчу а вахара Кута, масех де Шелахь а даьккхира. Иштта кхечира дай баьхначу Уьшкхала а. Ма хаза бара Даймохк, ма цIена, ма ирсе, ма сирла хетара обаргана ша кху лаьттахь йоккхуш йолу хIора а гIулч. Бекхаман новкъахь, халкъан чIир оьцуш, хийла Кавказан лаьмнаш толлура цо, амма кхузахь санна цхьа тамашийна мерзачу лазамо ца хьулдора дог. Синтем бойначу кху нохчийн ломахь ма дехара обарган синтем лоьхуш долу са…

      Цаца реза йацара кIантана, цо доьзалца хан кIезиг йоккху бохуш.

      – Ва Кута, хьан кIентий баккхий хилла. Цхьа жимма мукъне а царна а кхачийта хьо! Царна а оьшу хир ма ду хьоьгара гIо. Уьш-м хьоьх дагабовла, хьан хьехаршка ладогIа сатесна ма бу. Айхьа кху къомана ца кхоош йолу йовхо, тхуна а кхачийта жимма. Хьоьх хьоьгуш, хьо гаре сатесна ма ду тхо, ткъа хьо чувоьрзуш а вац! – йелха озалуш, неIсагIе йахара йоккха стаг.

      Кутин дог Iевжира. Ша боккъалла а бехке хийтира цунна доьзална хьалха.

      – Нана! Сан дика нана! КъинтIера йалалахь суна. Кху чолхечу дахаран беза мохь бу ас хьан белшашка божийнарг. Хьайн къоналла а, хьайн дерриге а дахар а суна лерина хиллачу ахь, хIинца хьайн дахарехь йаьккха йиссина хан сан берашна дIайелла.