Название | Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь |
---|---|
Автор произведения | Мзия Ратиани |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785006072909 |
Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.
Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:
– Кута! Хьо вац иза?!
Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.
– Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.
– Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:
– Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.
Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.
– ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге