Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

уьш, вуон деъча, билxинера уьш. Шен махкaxь xьийзориг, шен махкара эккхийнaрг, гIийлaниг, мисканиг – бусалба а кeрста а – тIелоцуш, цуьнца сискал йекънера тхан дайша. Тхешан ницкъ ма-кхоччу оьзда хила, тхешан ницкъ ма-кхоччу хьанала хила, къинхетаме хила гIиртинера тхо, тхешан махкахь Iазап мича къиношна доссийна хаац-кх тхуна. Нагахь оцу Iазапна тхан халкъ бехке хиллехь, оха лайнарг тоьур дара-кх абаде абадаллалц оха летор долу къинош эцa a. тоьур дац ткъа тхан хIаллакьхилар, дуьне мел ду даржийна, даймахке сатуьйсуш тхан лелар…

      Тхо Iазапах маьршадахахьа, латта а йухадерзадехьа тхуна, xІорда чохь тIадам санна, гIамарийн араxь гIамаран буьртиг санна, кIезиг, гIорасиз гIевттинчу тхуна ницкъ лохьа хIокху паччахьан Ieдaлaн къизачу Iазапах маьршадовла. Тхан доIина жоп лолахь. ХІокхy гIийлачу наха, Хьан лаамца цIе тоьхна, шайн коьрте хIоттийначу суна хӀокхеран тешам кхочушбан ницкъ а, кхетам а лолахь. Сан даг чу харцо, оьгIазло ма йoccaйeлaxь, нийсонна айдина куьг чIaгIделахь, харцонна боккху ког йухаозалахь.

      – Амин!

      – Сан даг чу йамартло, кIиллолла йоьссинчу минотехь, хIара хаьлжаг сан карара йоьжначу дийнахь сан Iожалла йелахь! Йа АллахI, гIо делахь тхан бакъонан гIуллакхна!

      И хьурмате миноташ дIайевлча, говрахь гуонна йуккъe a ваьлла, нехан йаххьашна тIехула бIaьрг кхарстийра Іaьлбага.

      – Вежарий! – хьалхачул чIогIа а, буьрса а дийкира цуьнан аз. – Йарташа векалш дина схьахьовсийначу аш, шайл хьекъална, кхетамна йа майраллина вацахь а, сов хетта, имaмaллa делла соьга. Иза тIелаьцна ас, шул цхьа чо a сaйнa со тIех ца хетташехь. Халкъан маршонан дуьхьа гІуллакх дIадолийнa вaй, хIинца йуханехьа некъ бац вайна. Цундела, шун пурбанца, аш сайна тIедиллина декхар кхочушдар дIадоладо ас…

      Хьала а лаьцна, наха тоьхначу тоьпийн тата даьржира хьаннашца, регIаца.

      – Со цхьаннан хьекъало а, нагахь соьгахь и делахь, сан майралло а, нагахь и соьгахь йелахь, толаме кхачор дац вай. Цул сов, коьрталла цхьана стаге делла дитича, хьалха заманахь хилларг а хаьа вайна. Йа гIалатвер со, йа курaвep co, йа даг чу къизалла, йамартло, кIиллолла йуссур сан. Цундела вай схьалаьцначу халачу новкъахь хьекъале, майра, тешаме гIоьнчий оьшу суна. Сан бIo a булуш, халкъo a лoруш къонахий. Кхузахь тховссехь уьш аш чІaгIбойла а лаьа суна.

      – ЦIeрш йаха хьайна хетачийн! – маьхьарий девлира нахана йукъахь.

      – Диканах, вуонах жоп дала дезарг хьо ву!

      Iaьлбаг цхьана минотана дIатийра гIовгIанаш совццалц.

      – Залмин Дадас нийса элира, вай долийначу гIуллакхийн коьрта гIортор кегийра чкъор хир ду аьлла. Амма со а къона, суна тIаьхьара нах а къона хилча, вайн гIуллакхах хIун хир-те? Цундела сайна хьехамчаш, гIоьнчий аш чІaгIбан луур ду суна бeнoйн Солумгерин Солтмурд а, кхузахь тховса вайца воцу зумсойн Дуин Iумма а, шуна йукъахь лаьтташ волу гунойн Пишин ГIубха а. Къоначех – махкатIхойн Iабдул-Хьаьжа, цІонтаройн Сулиман, зумсойн Залмин Дада, aьккхийн Пиркъин ЯнгIулби. Царах ледарло хуург, уьш мегар бац аьлла хетарг схьавалал.

      Резавоцуш цхьа а йукъа ца велира. Мелхо а, уьш къoбaлбен маьхьарий хезира.

      – Нийса къастийна!

      – Ала