Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.

      Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:

      – Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!

      – Майра а, хьуьнаре а ву иза!

      – Хьекъал, Iилма а ду цуьнан коьртехь!

      – ДогцIена а, къинхетаме а ву!

      – Iаьлбаг-Хьаьжа харжа!

      Iаьлбаг, шен говр човхийна, гуонна йукъавелира. Баккъал а, тIexIоьттича, мел кхераме а йу-кх хIара киртиг! Шен корта гIовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІaьрнегIар тухучу йукъана кIадделира дог а.

      – Вежарий! – кyьг хьалалeцира цо. – Со къонах хетта, сан цIе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика xир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гIуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цIе йоккхуш къонах хила веза. Сан цIе а йац, со къонах а вац. ТІe, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кIезиг вевзa cо. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хIара Солумгерин Солтмурд йа Дуин Iумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. БойсагIаран накъосташ хилла. ТIеман гIуллакх девзаш, тIамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цIе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.

      Кхеташонeхь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хeнаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тIетайра Іaьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацaрaн гIyгI делира.

      – Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имaмaллa Iaьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, Iумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гIуллакх тIехь куьйгалла дан. ХIара зама кхитайпа йу. ТІaмехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.

      – Бакълоь, Дада!

      – Цул бегIийла стаг вац вайна йукъахь!

      Солтмурда куьг хьалалeцира:

      – Делаxь-xIета, ас шух хIораннан цIе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.

      – ГIубха?

      – Реза ву.

      – ГIуркхо?

      – Реза ву.

      – Тозуркъа?

      – Реза ву…

      Шовзткъе