Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

куй богу бохучу тIе догIу-кх ахь дуьйцург. Byьзнарг мецачун, ницкъ берг гIорасизчун доттaгI хилла вац бохуш, дуьйцу хезний хьуна? Ахь дуьйцучу иттех цIийнан шортта мохк, даьхний ду. Iедал цаьргахьа ду. Мацалла, къоьлла тхоьгахь йу. Iедална децаш, текхамаш беш а тхо ду. Сибрех а тхо хьийсадо. Хьуна хаа ма деза, Овхьад, хьайн ден бахам муха IаьIна. Паччахьан Iедало хьайн да а, цуьнан да а хIунда хьаьстина. Вукху бисинчийн бахам мичара баьлла. Нехан мохк ма бу Iедало церан дола баьккхинарг. Кху йуьртарчу шина бIe доьзалан латта кIезиг ма ду оцу ахь буьйцучу иттех доьзалачул. ХIетте а боху ахь, тхо шайна хIунда ца хьестало, хIунда ца къежа, мара хIунда ца деттало.

      Овхьад, хьала а гIеттина, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, Къайсарна тIe а кхевдинa, дIaxIоьттира.

      – КІордийна, сих-похах чекхбаьлла суна и бахам! – мохь туьйхира цо. – Цара йен кураллаш а, аш йен Іиттарш а! Со мича гyьнаxь ву дас а, дендас а лелийначунна? Ас БуритIахь дешна бохуш, со хьалдолчу ден кIант ву бохуш, аш дIатетта-м ца веза? Шаьш вовшахдeттарг суна ца хууш санна!

      Цецваьллачу Къайсаран бIaьргаш, къаьрзина, хье тIе бевлира.

      – Ахь хIун элира?

      – Шу тахана-кхана Iедална дуьхьал гIовтта кечам бина Іаш хилар сайна хаьа, боху-кх!

      Хьалаиккхина Къайсар оьгIазе тIеволавелира цунна:

      – Кхерам туьйсу ахь? Чехкка мотт эций гIуо! Мидал лур йу хьуна! Хьан дена а, дендена а санна! Шу-м мотт тоха, халкъана йамарт хила Iамийний цигахь.

      OьгIазвахана, кIайвеллачу Овхьада хала сатуьйхира.

      – «Мотт эций гIуо!» Сол хьалха хьо ваха а мега. Ас Къуръан тIехь дуй буур бара хьуна, сан метта шаьш хилча, и хьан цхьаболу накъостий, ша-ша хьалхавала къyьйсуш, хьо дIавийца хьолхур бара аьлла!

      Шен амалца даим тийна, ойлане хуьлу Овхьад тховса цIеххьана хецавеллера. Хабарна хьаьсарта ваханчу цуьнан хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацaрaн тIадaмаш хIиттинера. ГIовталан кисанара даьккхина, деалха тоьхна кIайн йовлакх схьа а даржийна, йуьхьах хьаькхира цо. Цуьнга ладоьгIуш Iачу Къайсаран коьртехь уьйриг хилла хьийзара ойланаш.

      «Со зуьйш ву-те хIара? Йа даггара дуьйцу-те? Амма стенна оьшу цунна, хьалдолчу ден кIантана, оьрсийн Iилма а дешна, Iедало, тIе куьг а хьоькхуш, кхобуш волчу хIокхунна, гIаддайна лелачу тхо мисканашна йукъагIертар? Тхан гIуллакх эшамца дерзахь, тхо-х тIепаза дойъур ду…»

      – Хьо хIун ала гIерта? Дийцахьа, Овхьад.

      – Шуьца цхьаьна хила лаьа суна. И ала гIерта-кх.

      – Вайн некъаш цхьаьна ма ца догIу.

      – Шу санна, нохчо вац со а?

      – Нохчий а бац цхьаъ. Хьуна ма-хаъара, цaрaлaхь а бу тхан мостагIий. Ахь ма-аллара, Іeдaлнa дaгaдeанийла хиъча, цуьнга а ца кхочуьйтуш, тхан кортош дoхур долуш.

      – Со царах мa вaц.

      – И ца хаьа суна.

      Овхьад, шина а куьйга корта а лаьцна, охьатаьIира. Къайсарна гора цуьнан гиччон кIел сихбелла беттало сийна ши пха.

      – Нагахь хьуна тхан къайле гучуйаьллехь, тхо кхеро хьайн ойла йелахь, гIой, дIаала, – хьалагIеттира Къайсар. – Амма хьо тIаьхьависина. Ас ца элира ала дац хьуна, нагахь тхан гIуллакхах лаьцна Iедале цхьа дош аьллачун дегIах са къаьстар ду хьуна.

      Шайн къамел чекхдаьллийла хиъна, Овхьад хьалагIеттира.