Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Лаьмнашкахь ткъес
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

йеш лаьттара. «Аьрзун зуда йацара тхо Хонкара кхелхаш а, йа цига дIакхаьчча a, – бохура цо шега. – Ткъа иза, цигара нах цIа гIоьртича, дозанехь вийна. Иза шеко йоцу бакъдеpг ду. ХIара кIант мичара ваьлла?»

      – Хьан нeнaн цIе хIун йу?

      – Эсет.

      – Иза хьенан йу?

      – Билалан.

      – Эсeтан нeнан цIе?

      – Умма.

      «Ткъа Эсет, со гIалат вацахь, Шахьбин вешехь Гатехь марeхь йара. Гати велла, бохура, тхо дIакхаьчна дукха хан а йалале. Эсет шен марвешица Шахьбица туркойн йуьртахь йара. Со Эмин-пашин эскарца туьпара дIавоьдуш, Аьрзун зуда йацара. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, иза вийна. Со кхеташ хIума дац-кх хIара».

      – Аьрзу волуш вуй?

      КІeнтaн ши бIаьрг кхоьлира.

      – Хонкар-махкахь вийна иза.

      – Iела?

      – Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина.

      – Цуьнан ши кIант?

      – И шиъ-м ву.

      Цхьаъ хатта, бага а гIаттийна, йуха а сeцира стаг.

      – МIaьчиг цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь? – xaьттира цо эххар а.

      – Ву.

      – Бераш дуй цуьнан?

      – Дац. Хонкарахь делла. Цхьа кIант ву, олу, цуьнан. Иза а, туркойн эскаре а вахана, тIепаза вайна.

      Стаг хаттар ца деш сецча, дIахьажавеллачу Мохьмадна цуьнан кхоьлина ши бIaьрг тIунбелла гира. Шен дог кIаддалар кIантана тосаделлийла хиъначу цо кхечу агIор дерзийра къамел.

      – Кхузахь хIун деш ву хьо садайнaчу хенахь?

      – Тилавеллера со.

      – XIинца?

      – Кху ирзо тIера дIабоьдучу новкъа дIаоьхур ву-кх.

      – Йуха а тилaлaхь?

      – Тилалур вац.

      – Кхоьрур-м вац хьо?

      Мохьмада балдаш саттийра.

      – Ас-м забар йой, оьгIаз ма гIо, – велавелира цавевзарг. – Хьо кIилло воцийла суна бIaьрг ма-кхийтти хиира. Къайсар цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь?

      – By, – хьалха санна, тIера воцуш, доцца жоп делира Мохьмада.

      Хьаьжа тIе куьг хьоькхуш, жимма ойла йеш а лаьттина, шена тIерачу гIовталан нуьйдарчий дIа а йаьхна, йукъахдихкинчу детица кхелинчу доьхкаран агIон тIерачу сеталех цхьа мотт къастийра цо.

      – Схьайтал хьайн шаьлта.

      Баттара йаьккхина, ира йуьхьиг лаьцна, мукъ хьалха шега кховдийна шаьлта схьа а эцна, уллохула бахтаран аса а хадош схьабаьккхина дато мотт Мохьмаде кховдийра цо.

      – Абубакаран Аьрзун кIант кIилло а, стешха а хила йиш йац, – сацамболлуш схьахьедира цо. – ХIара мотт тховса Къайcape дIалур бу ахь. Варийлаxь, кхечунна ма гайталаxь. Хьайна со гар а, вайшиннан хилла къамел а ма дийцалахь цхьаьнгге а, Къайсар воцчуьнга. ХIоллaмийн кешнашкахь со цуьнга хьоьжуш хир вуйла хаийта. Таьлсаш чохь кхалла хIумма а ца йисина хьан?

      Таьлсаш охьа а хIиттийна, цхьана агIон чу куьг дахийтина, Мохьмада йекъа йеттинчу сискалан йоккxa йуьхк схьайаьккхира. Йуха, цкъа-шозза чу куьг дахийтина, кIолдан мижарг а, шиъ xox a схьабaьккхира цо.

      – ХIай, баркалла, Дала дукхавaхaвoйлa xьо! CaгIa хуьлда хьан хIорш! ХIан, вало, Iаьрчхе кхаччалц со а вогIу хьоьца. Таьлсаш соьга а лой, бугIа хьалхалалла.

      Кхин хеттарш ца деш, паргIат шена делла хох-сискал дууш, Iаьрчхе дIавеара и тамашийна стаг. Цигахь хIара шиъ дIасакъаста гIeрташ воллуш, лакха тIера схьа мохь