Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани

Читать онлайн.
Название Кавказан баххьаш. Горцы
Автор произведения Мзия Ратиани
Жанр Историческая литература
Серия
Издательство Историческая литература
Год выпуска 0
isbn 9785005661005



Скачать книгу

и шиъ карийра Бурунташ олучу дукъа тIехьа. Ло хьаькхна новкъахь диссина и шиъ жIаьлешна хааделлера. Йуьткъа цхьа коч йиссалц шена тIехь мел хиллачу бедарах хьерчош, шелонах ларвинера цо шен кIант, ткъа ша гIорийна йеллера. КIант гIийла вара, амма лечуьра виссира, къеначу элас иза ша волчу дIавигира.

      Нохчийн зудчун дакъа сванаша ца магийра эланна дIадахьа, бусулба динаца догIуш иза дIайоьллира цунна гIо дина хиллачу балкхархочо шен цIенна гена доцуш.

      КIентан гергара нах дуьххьара бIаьста гучубевлира. Нохчаша эланна кIантах ахча лур ду аьлча, цо царна вийначу нохчочо эцна хиллачу хIуманех йоьттина йолу гIудалкх а, говраш а дIаелира.

      – Зуда а, кIант а кху кертара деддачу хенахь, Iай шело ца лайелла, новкъахь делла, царех диссинарг дIаэца, кхин кхуза эха шуна оьшуш дац – элира элас ваийтинчу геланчас нохчашка.

      Корта оьллина хьоьжура сван, ша цу зуламехь бехке волуш санна, ткъа йуха тхуна хьалха чай хIоттош цо элира:

      – Ас бакъ долу гуьржийн чай лур ду хьуна, ткъа кестта, хье ца луш деттина жижиг а схьадер ду – хазахетарца къамеле ваьллера иза соьца.

      Ткъа сан кийра-м кхача гIур бацара. Иза волчохь жимма хан а йаьккхина, тхо цIа даха арадевлира. Тхо новкъа дохуш, вехха соьга а хьаьжна, цо сан куьйг лоцуш, элира:

      – Кхин цкъа баьхкира уьш гурахь кIантана тIаьхьа. Масех дийнахь кхузахь Местехь гуо а тийссина, массийтозза Ладжано йуьрта кхача а гIоьртира уьш, ткъа цул тIаьхьа уьш кхин цкъа а кхузахь гина бац.

      ШолгIачу дийнахь со сайн накъост сванаца Ладжанехь вара Геловани эланан кертахь. Цкъа мацах бехаш хиллачу доьзалан тишйеллачу хIусамо хIоттадеш долу сурт бIаьрг бузош дацара. Ша дерриге а дара кхузахь къаналлина охьахерцаш, амма керт цIена йара.

      ШолгIачу гIаьттан майданехь гучувелира мокха чоа а доьхна, даточу доьхканца гIодайукъ йихкина воккха стаг. Цуьнгахь шаьлта йацара, ткъа когахь дегIана аьхна, кIеда маьхьцеш йара. Иза ламитIехула меллаша, дозаллица корта айбина охьавуссура, ша хIора а ког берриге а Гуьржийн мехкан дуьхьа боккхуш болуш санна. Йуьхь-дуьххьал хьоьжура иза хьешашка. Ткъа йуха корта таIорца массарна а охьаховша бакъо йелира. Стоьла хьалха ша а охьа а лахлуш, цо сан накъосте а хьаьжна элира:

      – Соьгара хIун гIо оьшу шуна?

      – Сан доттагIа нохчо валийна ас цхьа гIуллакх эцна хьуна тIе – соьга бIаьрг туьйхира сан накъоста.

      – Эла, со нохчо ву! Со Гуьржеха кхаьчна йохка-эцаран гIуллакхашкахула. Суна хаьа къоначу элана хилларг а. Ахь эца ма йеззара чIир эцна хьайн кIантах, цундела схьало и нохчийн бер – ас сайгахь мел хилла ахча а, деши а охьадасийра стоьла тIе.

      – Со да волу бахам хIара бу, дIаэца, ткъа кIант схьало – ас воккха стаг волчу агIор дIатеттира деши а, ахча а. Эла вистхуьлуш вацара. Цуьнан бIаьргийн кIоршаме шелоно дагчуьра сатийсаман тIаьххьара алу йойура. Цо шина а куьйга ахча а, деши со волчу агIор схьа а тоттуш, элира:

      – КIант вац! Дуьнен чохь йоцу хIума ма лехийша.

      Вовшашка вист ца хуьлуш, цIа воьдуш вара тхойшиъ.