Название | Муслим Орцуев – ученый-филолог (1908—1933). Материалы к истории Чеченской письменности |
---|---|
Автор произведения | Муслим Махмедгириевич Мурдалов |
Жанр | История |
Серия | |
Издательство | История |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785449895714 |
Муху ду техьа, шайна чу кхин дуккху а кегийн декхарш лоцуш долу, и ши коьртин декхар? Х1ун кхиамаш бу техьа и шиъ кхочушдара т1ехь? И шиъ декхар кхочушдарна т1е шайн болу ницкъ а бахийтана, ойла а йахийтана, хайтархойн тобунаш йахкаран г1уллакх сов доккхуш, социализман йоьхье бийларан кхуллуш шордеш бохку вайн пачхьалкхехь болу къинхьегамхой. Пхиъ шерин план кхочушйарна т1ехь хилла кхиамаш а т1е хуьлуш берш а вайн пачхьалкхана хиъна ца 1аш, дерриг а дуьненна а хууш бу. Мехкдаьтта даккхаран хьокъехь хоттийна пхиъ шерин план шина шарахьий, эха шарараххьий кхочушйина яьлла. Электричестван иштта цхьац кхин болчу бахамин а планаш шина шарахьий эха шарахьий кхочушйина. Ахархойн бахамаш хийцана социализман некъина т1е бахара т1ехь а хилла ишта баккхин кхиамаш. Буьртиг-ялта дуьйцу районашкахь (к1езиг дуьйцу) болчу цхьалхойн бахамехь 50—60 процент бахамаш йукъубахаме бахьана.
Оцу тайпана социализм хоттор т1ехь вайн махкахь беш болун белхиш сов баккхин кхиамаш хуьлуш схьа боккхуш бу. Класс хилла лаьтташ волчу кулакаца, цунна дуьхьал, къийсам сов баьккхана, дукхух болу цхьалхойн бахамаш юкъбахамашка берзинчу меттигашкахь уьш (кулакаш) хенни бохийна д1а бохуш, дукхух болу цхьалхойн бахамаш йукъу бахамашчу берзоран йолчу меттигашкахь кулак юьстух ваьккхана, цуьнан ницкъ кагбаран политика а латтош.
Вай пхиъ шерин кхозлаг1чу шере доьвла, и шо къастам болу шо ду. Хоккху шарахь социализман бух д1а хоттон деза, и декхар коммунистин партино а, советан пачхьалкхо а кхочушдан вайн махкана хьалха хоттина ду.
Социализм хоттор СССР-ехь оцу кепехь лаьттачу заманчохь серлонан-1илманан революци сихонца йина чекхъяккхар сов ч1ог1а оьшуш, шен маь1не сов доккха долуш кхуллуш ду. Серлонан революции социализман боларца чекхъяккхарна оьшу ненан мотт а, йоза а. Лакхахь дийцана декхарш кхочушдарна юха оза деза дерриг а г1уллукхан дуьззина дакъа лацийтархьама царна юккъера дешарна хаар сихонца д1а дакххан. Иза сихонца д1а даккхарна уггар тоьлаш а, аттах а долун йоза – иза революцин латинин йоза ду.
Вайн нохчийн областехь болу къинхьегамхой серлонте1ехь, 1илманехь кхин мел долчу къамнел т1аьхьа биссана. Цундели вайн декхар – некъ макхоччу сихонца хьалха доьвлачу къамнашна т1аьхьа нохчий кхиабар ду. Уьш царна т1аьхьа кхиоран хьокъехь беш болу болх сов баьккхана хила безаш бу.
Серлонан революци сихонца вайн областехь чекхъяккхарна уггур ч1ог1у оьшуш долчу хумнех цхаъ – иза йозу ду. 1арбийн йозу д1а а даьккхана, цуьнан меттана латинин йозу даккхинера, кхин йолчу къамнийн областешкахь а, республикашкахь а санна, вайн областехь а. Дуьххьир латинин йозу т1е оьцучу хенахь цу йозунца цхьацца эшамаш буьйла хуушехь лаьцнера и т1е. вайна хетахь а хаара, хинца а хаа цхьа г1уллукх – иза латинин йозу цхьана а заманчохь хийца а ма хуьйцила аьлла хоттийна йозу ца хилар, я хилан