Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн.
Название Лаьмнаша ца дицдо
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. ХIинца а пхьор диъна довллалц тIаьхьатеттира цо шен къамел. Нара тIехь дIанисвеллачу хIусамдена шенна хьалха кхача а хIоттийна, Нурбикас берашна стоьл тIе йуург охьайуьллушехь, цхьаммо-м неI туьйхира.

      – Мегар дуй? – схьахезира оьрсийн зудчун аз. НеI ма-туьйххи а, и мила йу хиъначу Нурседас, хьаьдда йахана, неI схьа а йиллина, Анна Львовна чуйелира:

      – Суьйре дика хуьлда шун!

      Массара, хьала а гIевттина, хазахетарца тIеийцира хьаша. Нурседас, тIекхетта схьа а эцна, соне хьалаоьллира цуьнан плащ.

      – Марша йогIийла, Ана! Хьо ма дика йеа!.. Охьахаа, хIума йаа тхоьца! – элира Тавсолтас, сирла вела а къежна, оьрсийн а, нохчийн а дешнаш эдеш: Анна Львовна, стоьла йуххе берашца а ца хууш, нара тIе, Тавсолтица хиира, ша деанчу гIуллакхна мелла а оцуьнца а бух кечбеш.

      Йуучух йукъах а девлла, бераш цу сохьтта, хьешана пapгlaто йуьтуш, арадовла гIоьртира, амма Анна Львовнас, дега дехна, чохь совцабайтира уьш. Нурседа, гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолчохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхйалар а гучудаларна.

      Школера ма-йаллара, йуучух кхета ца кхиош, схьайеанчу Анна Львовнас дезаш дуура, тIера Iаь гIуьтту, чомехь кечдина жижиг-галнаш, нохчаша санна, уьш саьрамсекхан берамала а Iуттуш, йукъ-кара чадица тIе чорпа а молуш. И къаьсттина хазлора Нурбикина. Хьешана йела а къежна, товхана йуххехь лаьттара иза, йуург тIе а йуьллуш. Амма ша охьа ца хуура. Анна Львовнас дийхира:

      – Охьахаа тхоьца, хIума йаа!

      Цунах кхеттачу Тавсолтас а элира:

      – Охьахаа…

      Йела а къежна, корта ластийра Нурбикас.

      – Муха Iа шу? ЙоI йуй могуш? – хаьттира Тавсолтас, кхуо деанарг хаа шена луъушехь.

      – Дика Iа тхо-м… Ниночка а йу детсадехь йеддий, хьаьддий хьийзаш. Шу дахкалой… дуй могуш? – Анна Львовнас а эдора оьрсийн а, нохчийн а дешнаш… Цакхетарг Дауда гочдора.

      – Дика Iа… Иван хIун деш ву?.. – цуьнан майра хаьттира Тавсолтас. Он мой хороший изнаком! – тIетуьйхира.

      – Иза а ву-кх шен тракторшца воллуш…

      – Савва Ильич как? – цуьнан марда а хаьттира Тавсолтас.

      – Иза а могуш ву, – жоп делира Анна Львовнас.

      Тавсолтина оьрсийниг хуъучул Анна Львовнина нохчийн мотт а хаьара. Бераш, хIума йиъна а девлла, арадовлуш, массарел хьалха араиккхира шех йогу Нурседа; цунна тIаьххье арайелира Селита а.

      – Дауд, хьо тхуна оьшур ву, – кIант чохь сацийра Анна Львовнас. Иза, охьа а ца хууш, коре дIахIоьттира.

      – Тавсолтан Берсанович! – долийра Анна Львовнас. – Селитас тахана «шиъ» даьккхина, цкъа а ша даьккхина доцу. Оцуьнан бахьана шуьца къасто йеанера со-м.

      Тавсолтин йуьхь шатайпа кхоьлира, цхьа бохалун боцу сацам ша бина ваьллачух тера.

      Нурбика Дауде хьаьжира. Дауда талмажалла дира.

      – Кхин доккхур дац! – хадийра Тавсолтас.

      – И муха боху ахь?

      – Тоьар ду Iамийнарг! Кхин ца дешча а мегар ду, шиммо а! – тIетуьйхира Тавсолтас