Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн.
Название Лаьмнаша ца дицдо
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.

      Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», – олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.

      Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.

      Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.

      Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.

      – Хьуна хIун хета, Тавсолта? – аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.

      Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», – аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе