Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн.
Название Лаьмнаша ца дицдо
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

Луьстта сенйелла хьун къорра гlepгlapa. Бай хьоькхура аьхкенан мела мох. Синкъераме декара олхазарш. ЦIеначу хIаваэхула йаьржинчу бес-бесарчу зезагийн хьожанна кортош чохь шатайпа зов лаьттара. Анна Львовна кест-кеста тIаьхьа соцура, зезагаш лехьош, тIе, къоначарна вовшашка дош ала меттиг йалийта а лаьара цунна. Амма и дIакъаьстича, xlapa шиъ, шаьш хIун эр ду а ца хууш, дегнаш чуьра схьагIерта коьрта дерг легашкахь соьцуш, мелхо а дист ца хилалуш догIура. ТIаккха Увайс, некъаца нислучу, шена дика девзачу, Селитина наггахь бен цIераш а ца хуучу, диттех, бецех, зезагех лаьцна дийца велира:

      – Иза къахьашто ду… тIе стом ца лета… сов чIогIа ду, шех неIаршший, корашший деш. Xlapa маъ ду, дIогарниг, кхунах тера а долуш, дак ду, дакх дац. Ламанца долу. Цуьнан кевстиг кхин а шера, цIена хуьлу… И сула ду, цIулла дац. ЦIулла кхин ду. Xlapa а ламанца долу. Кхунна тIехь, хурманаш санна, мерза стом хуьлу. Амма кхуьнан сий кхечунна ду: кхунах бо дечиган пондар! Кхунах лаьцна олу и вайн йуьртарчу цхьа бIаьрг боцчу Хьасана а шен илли тIехь:

      Хьуьнах декъазчу сулан пондар,

      Желахь декъазчу газанан пхенаш,

      Йуьртахь декъазчу соьга кхечи…

      Увайсна кху орцахь массо а тайпа дитт девзара. Уьш хазахеташ дуьйцура цо йоIана. Шиннан а синош кху сохьта Iаламах а, вовшех а ийнера. ХIинца бецаш йийца вуьйлира Увайс.

      – XIapa цкъарг йу… иза – акха хох… ткъа иза боь бу – акха саьрамсекх. Ламанхоша, ата а отий, далланашний, чуданашний чудухку боьш а, татеш а. Кхунах заIпар олу, шех шекъа доккхуш буц йу xlapa. Кхунах – бIаьста олу. Xlapa хьакхайелча чкъурах ноткъа йо. Ткъа xlapa – лаьттамуьстарг йу, динбергах тера, амма цул йаьржино, муьсто чам а болуш, и санна, сурхашний, IаьржбIаьрганий дарбане а йолуш… ЧIирбаI… ГIантбаI… Йиппарш… Липпар…

      Ламанца йоцуш а, Увайсна ца йевзаш а буц йацара.

      – Ахь-м суна дийнна ботаникан урок йели, Увайс! – йелакъежира Селита.

      Увайс соцунгIа хилира. Цуьнан дог кхечунах дуьзнера, цунна кхин дийца лаьара. Анна Львовна, башха герга йоцуш, тIаьхьо йогIура. И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш: цIелерг, тобалкх, петIамат, басар олу сийна зезаг; лаьмнашца шелонгахь а кхуьу, цIен бос болу – шелла; ал-цIен зIам; можа-цIен доьра-зIам; пац-зезаг, чахкар-зезаг… Селита цецйохура Увайса, цунна хезна йоцу цIераш йохуш. Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш а: эхь доцу хьозарчий, оьзда чIегIардигаш, даима цхьаъ хоьтту хIуттут, гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур, дукха йека чIегIагаш, охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг – масане дара уьш кхузахь! Уьш массо а хIинца къаьсттинчу тидаме лоьцура цо: дIо ломан бердаца, дIасауьду алкханчах тера, шоршал а, дитташлахь лечкъа можа-къорза селасат а, и жима мерцхалдиг. Сийначу стигалан куьзгана тIе шайн аьзнийн зевне туьтеш хьоьрсура нIаьвлаша. Аьхкенан йуьххьехь хуьлу и массо а тайпа олхазарш гучудевллера таханлерчу кху тамашена хазачу дийнахь. Уьш дерриш а девзара Увайсна. Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволчу Увайса, хIинца къаьсттина самадевллачу бIаьргашца, сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла: бацашлара схьакъеда зезагаш а, дIо стигалхула йоьлху