Название | ЧIир. Роман |
---|---|
Автор произведения | Хараев ИбрахIим |
Жанр | Приключения: прочее |
Серия | |
Издательство | Приключения: прочее |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005693969 |
Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.
– Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.
Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.
Яковс кIанте телефон туьйхира.
– Алло, Микаил?
– ЛадугIуш ву!
– Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.
– Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.
ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…
Корта II
Руслан а, Бэлла а.
I
Руслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.
ТIом бара аьлла, диканах дог диллина вацара кху лаьмнийн кIотарахь цхьа а. Берашна деша лаьара, ткъа Руслан ингалс меттан хьехархо хиларах самукъадаьллера церан. Руслана хазахетарца гIо дора берашна керла мотт Iаморехь а, церан хаарш шардарехь а. Цхьа минот а мокъа ца йоккхура цо. Цхьаьна сарахь гIелвелла чувеанчу цунна гира, хих буьзначу бIаьргашца лаьтта Бэлла.
– Хьо йоьлхуш ма йу. ХIун хилла? Са гатло хьан кхузахь, гатлой? – хаьттира цо хIусамнене, амма цо деллачу