Название | ЧIир. Роман |
---|---|
Автор произведения | Хараев ИбрахIим |
Жанр | Приключения: прочее |
Серия | |
Издательство | Приключения: прочее |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005693969 |
II
Соьлжа-ГIалин аэропортера стигла айделира доккха Ил-86 кема. Илюминаторчухула куьйг ластош, хьомечу гIалин Iадика йира Руслана, ткъа цул тIаьхьа набарна тевжира. Хабаровск гIалин аэропортехь бен сама ца велира Руслан. Соьлжа-ГIалара дукхох болу призывникаш кхузахь охьабиссира, ткъа Руслан Къилба-Сахалинске кхаччалц дIаваха везаш вара. Совнаха гIар-тата доцуш, цхьа кIеда охьалахделира кема. Массо а хьалаиккхира сиха охьавосса, ткъа Руслан цхьанхьа а сиха вацара. Иза дегайовхонца, собаре хьоьжура шен дахаран керлачу агIоне, ткъа къона дог дуьзна дара сирлачу сатийсамах а, дахаре йолчу шовкъах а.
Массарел а тIаьхьа охьавоьссира Руслан. Эпсараша хIинцале могIаре дIахIиттийнера призывникаш. Фамили йоккхуш, мохь тухуш, цхьацца схьакхойкхура цара, ткъа йуха виъ-виъ йа, иттех дIавуьгура. Цхьаьна капитана Дадиевн фамили йеккхира. Руслан могIарера аравелира. Сихонца цунах бIаьрг туьйхира капитана, ша биначу харжамах реза хуьлуш санна, ткъа йуха омра дира:
– ТIаьхьа хIотта! И шиъ «уазик» чухиира.
– Со капитан Гончаров ву, биргIанаш йохкучу ротин командир. Рота йоккха йац вайн – ткъе итт стаг бен вац. Царех пхийтта «дед» ву, итт «черпак» а ву, шу пхи «салага» а ву. Низамаш чIогIа буьрса ду тхан. Салагаш бIаьргаш Iарждой хьийзаш хуьлу. Делкъе йечу хенахь, мацалла стоьла хьалха набараш кхета царна. Гуш ду уьш баккхийчара хьийзош хилар. Амма царех кхоьру уьш Iарз дан. Цхьаммо а бакъ дерг ца дуьйцу – йа охьакхетта олу, йа Iоттавелла олу. Ма-дарра аьлча цхьаьнна а хIумма а йа хезаш а, йа гуш а дац. Саьлти, хьо ладугIуш вуй соьга?
– Ву.
– Ву ма ала. Кхетта, товарищ капитан ала.
– Кхетта, товарищ капитан!
– ХIинца нийса эли. Тхан керла командир дисбатера веана ву. Хьалха кхечу кепара дара ша дерриге а. Гундаревс массарна а дIахаийтира – къона саьлтийшна вас йиначунна ша могуьйтур дац аьлла. Штабан куьйгалхо, Гуров майор а ву цуьнан сий деш хIинцале, ткъа лахара даржашкахь берш-м ас бийца а ца буьйцу. Цо дош делла вайн часть Генарчу Малхбалехь уггаре а тоьлла хуьлуьйтур йу аьлла, ткъа ца ша делла дош даима а кхочуш дина. КIира бен дац иза веана, амма хIинцале хила ма беззара низам дIахIоттийна. Доцца аьлча, со суо а ву хьуна Соьлжа-ГIалара. Цигара Катайама йевзий хьуна?
– Йевза, товарищ капитан.
– Суна хаьа хьо ледар хир воций. И пхийтта «дед» дIавахча, суна тешам болуш взводан замком оьшу. Кхетий хьо?
– Кхета, товарищ капитан.
– Спортаца гергарло дуй хьан?
– Ду. Боксан шолгIа разряд йу сан.
– Мастер спорта стенна ца йаьккхира ахь?
– Деша хIоьттинчул тIаьхьа, бицепсаш а ца кхиош, хьекъал кхио сацам бира ас.
Цу жоьпа чIогIа самукъадаьккхира капитанан.
– Дадиев, вай хIинца часте схьакхочуш ду. БиргIанаш йахкаран эскар хIун йу кестта кхетар ву хьо. Аса цхьа хIума эр ду хьоьга – хьо вуо