Название | Хьехархочун дийцар. Дийцарш |
---|---|
Автор произведения | Вахит Хаджимурадов |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005972262 |
Ц1ог1не з1аькардаьхнийн ц1е йолу юьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. К1отарахь-м вацара хаалуш дийна дег1 а, шаберш а базара баханехь а, йа х1ара к1ан вирахь вог1ург гина д1алевч1инехь а. Лакхара юрт а, к1отар а хинна аьру аг1ора хинйисттехь 1уьллуш яра, ткъа базар хуьлу юрт хинна аьтто аг1ора 1уьллура. Цундела ламаро ша к1отарна т1ехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м ч1ог1а реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м г1ийлла шен ког боккхуш схьаг1ертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчнна. Масийттаза г1оьртира к1айн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах г1уллакх ца хилира. Вир т1ера воссан дийзира вехачу 1андаркъин. Делахь а, х1ун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза г1аш вог1уш санна, когаш х1ора г1орзолах а тийсалуш вог1уш. Мухха делахь а, виран т1ер воьссина юьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а яьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш. Делахь а хеча дикка лекха яшонза-м ца висира и. гуонаха хьаьжича гуш дийна дег1 а дацара, ткъа т1еда хеча настаршна т1елеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гуонаха д1аса а хьаьжина сихха яьккхира 1андаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран к1айн букъна т1ейоьттинчу 1алг1ожна т1ехула яржош ластийна кхоьссира цо шен т1еда хеча. Цу т1еластаяле хьалха иза-м 1аьвдинехь а дацара х1умма а. ткъа хечех охьа1ийдало т1адамаш-м кегийра татолаш санна