Название | Хьехархочун дийцар. Дийцарш |
---|---|
Автор произведения | Вахит Хаджимурадов |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005972262 |
– Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, – элира ас.
– Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, – ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.
«Адамашца тарвала веза!» – тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.
– Ваша, ваша, – т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.
Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.
– Х1ун боху ахь, жима стаг? – сецира со.
– Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, – хаийтира к1анта.
– Баркал, жима стаг, баркал, – мукъавитира ас к1ант.
Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.
– Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, х1ара ишта нисдаларна. Масех шарна аьлла чувахийтинера ас хьо х1усаме. Делахь а, и х1усам парг1атъяккха дезар ду хьан цхьана-шина дийнахь. И тхан к1ант аьлча а, оцу мер1уьргана зуда ялор чудоьссина-кх. Уьйт1ахь цхьа чоь мукъа а елара, хьо ара ца ваккха, – бехкала вахана кеп х1иттайора квартирин дас.
– Со х1усамехь 1ерна ишколо ахча д1аделлий хьуна? – хаьттира аса.
– Ахча-м, дера, хир дацара х1окху ишколера. Иза-м оьшуш а дацара, – бехказвуьйлура и.
– Дика ду, ас директоре сайна кхин х1усам лаха эр ду. Х1окху юьртахь еса лаьтташ дукха г1ишлош ю бохуш вара иза, – ас олуш къаьстира тхойшиъ.
Ишколехь-м директор карор вацара – ас мобилан з1е туьйхира Махьмуде.
– Еса лаьтташ г1ишлош шортта ю юьртахь. Ас завхозе омра дийр ду. Шек д1а а ма вала хьо! – дош луш, сан сапарг1атдаьккхира директора.
Амма де а д1аделира, шиъ, к1ира а. Завхоз а вара, эса дайна етт санна, корта а оллийна, бехкалвахана кеп х1иттош:
– Ванах, и цхьа ц1а доцуш висина накъост ма 1ийра вайн ишколехь, шена цхьа чоь а тойина. Божа вара и, Бомжа вара и – ц1е а яра цуьнан цхьа тамашийна. Оцу чохь цхьа зудчун бахьана а далийра цо. Хьуна кхин г1ишло караяллац цунах йисинчу чохь 1ийча х1ун дара хьо?
– Ткъа кхин г1ишло маца карор ю алалур дуй хьоьга? – хаьттира аса завхозе.
– Деллахь ца хаьа суна-м, – бехкалвахара завхоз.
Суна ишколан чохь нисйина чоь цхьа не1 уьчара чу, важа не1 аг1онца пенах луларчу пхьерийн чу а йолуш яра. Уьчахь – берийн г1овг1анаш, лулахь – ц1охарийн г1овг1а. Сан чохь ц1охаршна ток лун щит. Со вижина велахь а, г1аьттина велахь а, чай молуш велахь а, аг1онца пенахара не1 йоьллий, соьга салам а лой, шайн щит чохь болх бора белхалоша. Мала хи дезча а, меттара г1аттавой а, соьга доьхура. Бинт эшча а, соьга доьхура, не1 йоьллий, чоьхьа а бовлий.
– Г1уллакхаш муха ду? Х1умма а дац, оцу чохь-м Бомжа бохуш волу къонах иттех шарахь 1ийна хьуна. Вай кестта хьуна г1ишло лохура ю! Хьа-хьа-хьа! – хьуьнхахь йилбазмохь санна 1адавеш декара директоран белар.
Соьга схьакхийдош кехат, къолам а дара цуьнан: «Хьайн лаамца балхара д1аволу алий язде заявлени!» – бохуш.
Со ц1аьххьана самаиккхира.