Название | Антология выселения чечено-ингушского народа. Сборник документов |
---|---|
Автор произведения | Муслим Махмедгириевич Мурдалов |
Жанр | Документальная литература |
Серия | |
Издательство | Документальная литература |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005352132 |
Германин фашизмо
Цийна йин хара.
Деха садиттир вай
Х1ар де ца дезаш.
Собаре хилла вверг
Дарвелча тоьлу,
Дарло шу,
Дарло шу,
Дайн-мехкан лоьмаш!
1анае йовссаршн т1е
Болатан оьла.
Т1ом буха
Т1амой бен
Тоьхна бац цкъа-а —
Топ,
Озий лаг а дош,
Г1орттаяй тоха!
Хиндарий ц1ахь 1ийнехь,
1ехьа а баьхча.
1ен тигац:
Т1ег1ерта, —
Ам г1ерта воха!
Ц1ий 1ений —
1енийта
Мостаг1чун докъ т1е!
Вужий хьо —
Т1евожа
Веллехь а
Цунна!
Д1агайта шен меттиг
Дозанан шу т1ехь
Доллучу дуьненахь
Кашлоьхучунна!
Массо-а дайн-махкехьа.
(На чеченском).
Ас паргг1ат, парг1атчу
ритмица яздо
Дарвелла велахь а
мехкан халкъ санна,
К1ентий, вай доьхна дац,
вай тахна даздо
Дайн-мехкан сий лардар,
комунна санна.
Нанас бер
санна ваьш
кхиийнчу лаьтте
Тахна ницкъ
гойтур вай,
яхь йолу к1ентий!
– Т1ом баьлла! Вай динчу
лаьтта ц1ий хеца
Фашизман йовссарша
кховдийна м1араш,
Тешнабехк, ямартло
даим-а шеца
Хьерчачо хьадина
дазонан з1араш.
Дайн-махка
г1оьртинарг
велхавеш тахна
Лоьман дог,
берзан ка
гойтур вай, к1ентий!
Нохчочой, г1алг1ачой
доьхкарха шаьлта
Хьалха а кхазийна
ша хиларх беркъа,
Т1ом бечухь хилла яц
цкъа-а аьрта —
Лаьттахь мохк бан а бац
вай шега леткъа.
Вайна ирс
деллачу
советан лаьтте
Ирс лардеш
гойтур вай,
дог майра к1ентий!
И лоьмаш санна, вайн
дог майра дошлой,
Нуьцкъала пилоташ,
лечарчий санна,
Танканийн ковранаш,
Эскаршца г1ашлой
Т1етаь11а мостаг1на,
Буьрса дарц санна.
Гитлеран
фашизман
лар йойъу йолчу
Дайн-мехкан
Т1амца сий
Ойъур вай, к1ентий!
Вайца – бакъ, цаьрца – харц
кхерсташ ду даим.
Ша т1ерчу буьнал а
тешаме боцчу
Фашизман бенара
к1илло б1аьрг бай и-м —
Гитлера хьежориг,
ша кхочур боцчу
Ленинан,
Сталинан
партина гонах
Ч1аг1луш т1е
хьолхур вай,
сий долу к1ентий.
Лестадер вай тарраш,
саьрмакаш санна
Хьийзанда уьш иэгош
Мостаг1ийн кортош;
Иэгаер