Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ. Хьусайн Шовхалов

Читать онлайн.



Скачать книгу

нана сте ю те, я боьрша ю те?

      18. Цхьана стеган нана д1аяьлла, цуьнга кадам беш гулбелла нах хилла.

      Царна т1евеара цхьа стаг вела а воьлуш, самукъадаьлла. Наха цунах цецбевлла хаьттира цуьнга:

      – Ахь х1ун леладо, хьан стенах самукъадаьлла?

      Стага элира:

      – Суна д1аваьлларг х1ара (5) ву аьлла хезнера, ткъа кхуза схьакхаьчча х1ара воцийла хиъча самукъаделира сан.

      19. Цхьана стага аьлла:

      – Тхан тхов т1ехь дахк бара тхуна новкъарло еш. Цхьана стага молха дийцира соьга цунна дуьхьал. Аса и молх тесначул т1аьхьа дехкан «къурд» хезна дац тхо, – элира цо, «г1овг1а» ала воьлла.

      20. Цхьамма аьллера:

      – Селхана х1аваъ шийла дара вайна, делахь а суна-м хаа ца делира иза.

      21. Цхьа стаг хилла Багдади (6) веана, т1аккха ц1ахь волчу шен дега кехат яздинера цо ша дика д1акхаьчна аьлла. Т1аккха и кехат ше дега д1акхачо цхьа кара ца вина, и кехат эцна ша шен да волче веана цо цуьнга элира:

      – Соьгара хьуна хабар д1акхачо цхьа кара ца вира суна, ткъа сайгара хабар хьуна хье ца далийта, айса схьадеана ас хьуна айса хьоьга яздина кехат, – аьлла, шен дега ша яздина кехат д1аделира цо.

      22. Вовше дов даьлла цхьана шина стеган. Т1аккха и шиъ къедана т1евахна шаьшшинах бакъ-харц верг къаставайта. Къедас цушинна юкъахь дерг шега къаста ца делча, шинне а туьйхира, т1аккха элира:

      – Далла бу хастам, шуьшиннех зуламе верг соьх ца валийтарна.

      23. Цхьа стаг базарахь шен к1антаца шайна езачу х1уманна т1енисвелча, йохкархочуьнга мах хаьттина. Цо жоп делла:

      – Цхьаннах цхьа сом доккху, – аьлла.

      Цу стага аьлла:

      – Х1ан-х1а! Из дукха ду.

      – Аса цу мехах юхкуш ю иза.

      – Ас кхаъ соьмех шиъ оьцур ю хьоьгара.

      – Дика ду, д1аэца.

      Т1аккха цу стага ше к1анте элира:

      – Х1ай, к1ант! Д1алол цунна кхо сом, иштта йораг1о ю иза вайшинна.

      24. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан коьрте х1оттийнера цхьана г1алахь.

      Цхьана дийнахь цуьнга шен дегара кехат деанера, т1аккха кехат шегахь долуш иза нахе вистхилира:

      – Х1ара кехат вай куьйгалхочуьнгара ду, иза валла́х1и вай шена муьт1ахь хила хьакъ долуш ву, иза сан да а ву, иза сол воккха а ву.

      25. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан балх х1оттийнера. Цо дуьйцу:

      – Буьйсана цхьана боккхачу балхана бен стаг ца вог1учу хенахь, сан дас стаг ваийтира соьга ша волче кхойкхуш. «Паччахьера кехат деана хир ду-кх, со хила везаш волчу цхьана г1уллакхех лаьцна,» – аьлла дагадеара суна.

      Сайна т1е х1уманаш йоьхна, говра хиъна сайн да волчу х1усаме вахара со.

      Со д1акхаьчча, сайн ден г1оьнчашка хаьттира аса:

      – Паччахьера кехат-м ца деъна?

      – Ца деъна, – элира цара.

      Со сайн да волчу д1акхаьчча чувола элира цо соьга. Чувахча, суна сайн да меттахь вижина 1уьллуш карийра. Цо элира:

      – Х1ай, сан к1ант, кху ерриг буьйсана цхьана х1уманан ойла еш кху сахьте ваьлла со.

      – Дала 1алаш войла хьо, х1ун х1ума ду иза? – хаьттира аса.

      – Аса сатеснера Дала соьх хьурул-1ийн (7)



<p>5</p>

– Еллачу зудчуьнан к1ант

<p>6</p>

– Иракера г1ала

<p>7</p>

– Ялсмани чохь божаршна хин болу зударий