Название | Йеха буьйсанаш |
---|---|
Автор произведения | Абузар Абдулхакимович Айдамиров |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 2023 |
isbn |
Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цIе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.
Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гIаттам дIаболо беза бохуш, оцу тIехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тIамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цIий Iено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тIедаха деза.
Хинболчу гIаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гIаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тIом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хIетталц гIаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гIаттаме хьажош боло беза тIом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан Iедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цIий Iаноза доьрзур дац.
– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хIаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гIуллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо гIерта? ГIаттамехь дакъалоцучу нехан Iалашо бусалба дин чIагIдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цIеххьана гIаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цIий Iенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. ХIинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан Iедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.
ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха