Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн.
Название Дарц
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Жанр
Серия
Издательство
Год выпуска 2023
isbn



Скачать книгу

сахьт а далале хьешана чIогIа наб кхийтира…

      V корта. КЕРЛА АДАМАШ, ШИРА АМАЛШ

      Хьуна тIехь yгIyp йу

      Къанъелла меца борз,

      Хьоьха дог лозур ду

      Iаьржачу хьаргIанан…

      Халкъан илли

      1

      Iуьйранна хьалххе самавелира Iела. Малхбалехьара схьагIерта де хIетта гучудала гIертара хил дехьарчу peгIa тIехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нIаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жIаьлин йишхаьлла гIoвгIa а.

      ЦIийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гIенах, цхьанна оьгIаздахана, луьйра. Оцу буса хьаша а веана, мотт гатбелла, ца тарлучу цара йургIа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дIасатоьттура, йуха а тапъолий дIатуьйра.

      Самадолучу Iаламе ладегIахь а, Iелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хIинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу йуьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хIара де тIекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бIаьрг тоха. ХIинца цунна гур йу ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур йу шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, Iумар, Iусман ган а мега. Цаьрга цкъа бIаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.

      Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «ХIун деш хир бу-те суна сайн кIентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дIакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен йуьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна Iаш волу со цIа валийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха йац. Хан чекхйаллалц Iийр буй, ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Йуха а шайн цIа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Веза Дела, аьтто белахь церан, Iалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хIаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хIусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гIаттам болалахь, масех бIешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, суна гIo дан…».

      Iела шен ойланех йукъахваьккхира, хьала а гIеттина, товханехь цIе лато тохаеллачу хIусамнанас. Дукха хан йалале цIе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Iелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хIусамненан карахь цаца. ХьалагIеттина хIусамда, бедарш тIе а йуьйхина, гIуммагIа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. ХIинца хьалагIатта мегаш дара Iела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тIе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тIе хIотта. Амма тахана цкъа цига гIойла дацара. ХIара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.

      Сийсара шена ши чурт гинчу гy тIе хьалавелира Iела. Цигара дIахьаьжча, кера йуккъехь санна, гуш йара йурт. Iела Сибрех вахале динчарех цхьа наггахь цIа дисинера. Шира дитташ а, къанделлий, хедийний, дIадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чIанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера