Название | Болатан Зараъ. Повесть |
---|---|
Автор произведения | Вахит Хаджимурадов |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005970305 |
Говра хьуьнхахь а йитина, йиъ жима кхаба кечъйира Зараъас чохь мехкадаьттах даьккхина сихдогу молха а долуш чудоьттина. Т1ехула т1аьрсиган ч1уьйригаш а йолуш леррина кечйина кхабанаш-герз шена дехьа, сехьа г1одъюккъе а дихкина, куллашна т1аьхьа хьулла а луш гуттара улло текхиш т1еяханера йо1. Цуьнан баьццара басахь йолчу г1овтало а г1одора цунна къайлаха йисан. Яккхийн тоьпаш-м гена яцара, амма х1ун дийр дара йо1а ша цхьамма оцу мостаг1ийн инзаре буьрсачу герзана. «Яккхийнчу тоьпашна уллохь х1оънаш ма бац! Х1унда бац? Стенгахь бу уьш?» – хоьттура цо ша-шега. Йо1 тебина 1уьллучу меттера ца гора йоккха топ юлуш болу г1ирс. Ойла-м нийса енчух тера ду, ткъа стенга бехьана цара и г1ирс? Стенгахь? Стенгахь бу?» – ша-шен садуура Зараъас. Яккхийнчу тоьпашна уллохь стагга а воцучура цигахьа гуонаха лахан беза аса йоккха топ юлуш болу г1ирс!» – ч1аг1о йира йо1а. Сийначу бецаца цхьаъ хуьлуш, ийна текхина йоккхачу тоьпашна улло яхара и. Цигахь гуш стагга а ца хиларх, вай бохург-м бакъ ца хиллера. Маларо а, йовхоно а мелла а г1елвина кхоъ салти вара йаккхийн тоьпан чкъургех букъ та1ийна тевжина 1аш. Йо1 царнна ши-кхоъ г1улч уллохь луларчу жимчу куллана т1ехьа 1уьллура. Х1инца яккхийн тоьпана х1оънаш а карийнера цунна, уьш т1ехьа аг1ора вовшин т1ет1а боьттина лаьттара, нагахь т1ом эккхахь схьаэцан кийчча хир болуш. Кхаъа салтийчунна букът1ехьа нислуш текхина йаккхийн тоьпан х1оъийн барзана т1еяхара йо1. Х1оънах жимма тера яра 1аьржачу т1аьрсигах ботт болу горга кхаба. Йо1а цхьа кхаба х1оттийра х1оънашна юккъе, малхболу аг1онца. Чохь мехкдаьттах даьккхина т1еда молха чохь долу шолг1а кхаба кхин а цхьана х1оънийн оьлана юккъе х1оттон кечъеллера йо1, амма жимма дехьа, ц1енонна уллохь т1е гата а тоьхна ворда а гина, тебаш цунна т1еяхара Зараъ. Ц1ийнан пенна а, вордана юккъе а ша нисъелча, шаьлтанца гата хадийна чу хьажира и. Кегийрачу гатанан т1оьрмигашна чохь тоьпан молха дара. И т1оьрмигаш-м йоккха тоьпана бирг1ана чу хоьура долуш дара, цу чохь а хаъаделира йо1ана тоьпан молха. Шолг1а кхаба, гатанах вордана т1ехь бинчу тхевнна, т1екхийсира Зараъас. Гонаха а хьаьжина, текхина юьртаха йолуш яра Зараъ. Х1инца-м сиха лелан дезара цуьнан, кестта схьакхачан безара Виситин дошлой. Кхаъа салтийчунна уллохула