Название | Чонга иччархо. Туьйранаш |
---|---|
Автор произведения | Вахит Хаджимурадов |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005972279 |
Уьш бара суьйранна ц1а боьрзуш болу иччархой а, таллархой а. Цкъа дагадеира Чонгина, мохь а аьлла, царна дуьхьала хьада. Амма, эхь хетта, сецира. Цаьрга а ца хоттуш, т1аьхьа ма деънера Чонга царна. Иччархой д1а а бахийтина, царна т1аьхьа г1оьртира иза.
Чонгин къена дада вара, сарралц шен к1ант ца карийча, сагатделла араваьлла. Амма иччархой а, таллархой а ц1а бирзинера. Жима Чонга дацара цхьанхьа а гуш. Эххар а, туьйлиган кевнаш д1акъовла герга долчу хенахь гучуделира Чонга а. Инзаре боккха к1ан буьртиг бара цо беънарг, массо а зингаташ цецдохуш. Цуьнан къена дада довдан дагахь хиллера, ткъа цунна хари чохь карийначу к1ах дериг хиъча, кхечу иччархоша иза хестош а хезича, шен к1антах дозалла деш, жимма «г1ам-г1им» а дина, сецира дада. Цу дийнахь дуьйна Чонгех бакъдолу иччархо-зингат хилира.
2005г.
Бумбарин мотт. Нохчийн къомана дийцар.
– Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба
Уггаре коьртинаг хила езаш ю!
Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг – бода!
Дуьненчохь ас адмийн х1у дойъур ду!
Адмашна х1оранна, це (церг) тухуш чехка,
Д1овш тухуш адмашна чекх ер ю со!
Со – паччахь! Со буьрса ц1оган т1ехь техка!
Ларлолаш, диэгадеш, адмийн х1у сох! —
Иштта и кура хабарш, къамелаш дора
Бос къорзачу лаьхьано, кхерабеш нах.
Шен д1аьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гуора,
Адмашка кхаьчнера т1аьххьара сахьт.
Шахьарш а йохаеш, йохаеш ярташ,
Текхаргаш юьйлира д1адетта д1овш!
Адмашна юккъера д1аяйра марзо,
Цу адмийн х1у дара д1адаьлла довш.
– Маржа я1! Сан делара и шуьйра т1емаш,
Сихонца карор бара цу адмийн бен.
Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кха хьемаш,
Ца кхуьу, сихо еш, даржадан зиэ!
Со текхна балале, сеттина ца болуш,
Шина когахь и адмаш сихонца дов.
Хьажий со цу гена, дитта т1е йоулуш, —
Бос къорза и текхарг луьйш яра, тов!
Хьаьвзина