Название | Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар |
---|---|
Автор произведения | Вахит Хаджимурадов |
Жанр | |
Серия | |
Издательство | |
Год выпуска | 0 |
isbn | 9785005970800 |
– Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! – соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.
Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.
– Охьахаа хьайн метте… Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! – шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.
1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.
Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.
– Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! – бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.
Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.
«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте.
Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца