ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ. Хьусайн Шовхалов

Читать онлайн.
Название ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Жанр Современная русская литература
Серия
Издательство Современная русская литература
Год выпуска 0
isbn 9785005189585



Скачать книгу

ion>

      ДЕШХЬАЛХЕ

      Биссмиллах1иррохьманиррохьийм

      Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, царна мел оьшург билгалла дина волчу. Аллах1ера маршо а, хьаставар а хуьлда Цуьнан пайхамарн Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, царна т1ехь мел ваьзначунна а къематде даллац.

      Х1ора бусалбачу стагна а, зудчуна а, жимачун а, воккхачун а хаа дезаш ду шен дахарехь шена т1е1итталучу х1уманех 1илма. Цундела, дуккха а х1ума хаа дезаш хуьлу иза, шен дахар Дала ма-бохху нийсачу кепара хилийтархьама. Ткъа тахана неха 1илманца йолу юкъаметтиг г1елъеллачу заманахь, бусалбачу нахана шайн динах дукха х1ума ца девзачу деношкахь, т1ехь ч1ог1а ду церан хьашт царна динехь дерг довзийтар, ислам динца дог1уш Дела реза волчу кепара церан дахар нисдалийтархьама.

      Цундела, х1ара жайна бусалбачу динехь яах1ума яаран а, маларан а г1иллакхаш билгалла деш ду.

      Тахана бусалба нах хьаште бу яах1ума юуш дино билгалла дина суннаташ шайна довза а, уьш ларда а. Къаьстина тахана уьш девзаш берш к1езиг хуьлу, цундела и суннаташ д1адовла герга дахана, цхьадерш д1а а девлла.

      Х1ара бусулба г1иллакхаш шена 1амийна ца 1аш, ца девзачун 1амо хьажа веза. Ткъа тахана дукха го вайна воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а шаьш яах1ума юучу хенахь х1ара г1иллакхаш лар ца деш, г1алаташ дуьйлуш. Цундела воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а нисвала хьажа веза цу г1иллакхаш т1ехь, т1аккха церан яах1ума яар Дела реза волчу кепара нислур ду, уьш леладарн царна ял а хир ю Дала мукълахь.

      Х1ара яах1ума яаран г1иллакхаш дерриш цхьанакепара дац. Цхьадерш х1ума яале хьалха, вуьйш х1ума юуш, иштта х1ума йиинчул т1аьхьа а ду. Уьш къасто атта хилийтархьама аса уьш кхаа декъе декъна. Иштта кху жайни т1ехь хьахийна нах цхьаьнакхетта х1ума юуш а, хьошалг1а вахча а, хьошалла деш а лело деза г1иллакхаш.

      Дала аьтто бойла хьан х1орш 1амада.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн.

      ЯАХ1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА ЛЕЛО ДЕЗА

      Г1ИЛЛАКХАШ

      Х1ара бусалба г1иллакхаш яах1ума вола валле хьалха лелош ду

      1- КУЬЙГАШ ДИЛАР

      Яа1ума яале ши куьг дилар дика ду, къаьсттина дика ду куьйгаш т1ехь д1аяккха езаш х1ума елахь я и шиъ ц1ена дуй шена ца хаахь.

      1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:

      «Шена (пайхамара) х1ума яа лиъча ши куьг дуьлура цо1».

      Иштта вайла хьалха хиллачу дикачу наха а шеш яах1ума яале куьйгаш дуьлуш хилла, шайн дег1ана зен ца хилийтархьама.

      2-ДИКА НИЙАТ ДАр

      Яах1ума юуш дика нийят дина хила веза бусалба стаг, ша юучу я молучу х1уманах шена ял хилийтархьама.

      Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

      «Баккъал а, 1амалш нияташка хьаьжина ю, баккъал а х1ора къонахчунна цо дагалаьцнарг хира ду2»

      Цундела, ша юучу я молучу х1уманца марзо эца, я вузаран дуьхьа а ца юуш, Аллах1ан дезаш долу цхьана дикачу х1уманан дуьхьа аьлла яахь мела хуьлу цунна.

      Амма вуза я цуьнан марзо эца цо и яахь, вузар бен ца хуьлу цунна, ял ца хуьлу.

      Бусалбачу стага х1ума вузаран дуьхьа доцуш, кхечу дикачу балхана дуьхьа яа еза.

      Цундела, яах1ума юуш дика ният динехь, цуьнан нияти хьаьжина мела а хуьлу цунна, иштта вузар а хуьлу. Ткъа дика нията яах1ума юуш волучо дагалаца дог1уша долу, иза:

      1-ШЕН ДЕГ1 ЛАРДАР

      Х1ора адама Далла хьалха жоьпе ду шен дег1ах, и х1аллак хиларха лардар т1едиллина Дала цунна. Цундела, ша юу х1уманца шен дег1 х1аллак хиларха лардар аьлла яахь, цунна цунах дика ният хуьлу, мела хуьлу.

      2-ЮУЧУ ЯАХ1УМАНАХ ШЕНА ХИЛЛАЧУ Г1ОРАЦА ДАЛЛА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДАГАЛАЦАР

      Ша юуш йолу яах1уманах шена хилчу г1ораца Дела реза хуьлу х1ума дийра ду ша аьлла дага лацара мелехь ду.

      Яах1ум юучун иштта дика ният хиларан билгалло ю цо сов ца яар, лахахь аса хьаха мадар, я ша меца хилчий бен яах1ум ца яар. Т1къа ишттачу кепара яах1ум юуш хиллачунна лоьран дарбанаш къезиг оьшура ду, х1унда аьлча, дукхох йолу цамгарш яах1ум нийса ца яарх хуьлуш йолун дера. Т1къа яах1ум нийса яаро могушалла лар йо.

      3) -ЯА Х1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА БИСМАЛ ДАККХАР

      Яах1ума яа волавалле бисмал даккхара мелехь ду.

      Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

      «Шух цхьаъ яах1ума яа волалуш цо олийла: «бисмиллах13»

      «Бисмиллах1» бохурга: «Аллах1ан ц1арца» бохурга ду. Иштта «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» а ала мегар ду.

      Ткъа «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» бохурга: «Аллах1ан ц1арца Сов Къинхетамечу Къинхетам бечу» бохург ду.

      Ткъа яах1ума юуша бисмал даккхаро чу лоцу, Аллах1ан



<p>1</p>

– Бухарий,286. Муслим,305.

<p>2</p>

– Бухарий, 1. Муслим, 1907.

<p>3</p>

– Абу давуд, 3767.